Нохчийчоьнан Правительствехь – мехала хийцамаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хийцамаш бина Нохчийчоьнан Правительствехь. Цу хьокъехь дерг хиира республикин Парламентан 108-чу кхеташонехь.

Хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун даржехь хилла волу Закриев ИбрахIим Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан – юьртан бахаман министран дарже хIоттийна.

Республикин Парламентан депутаташа, цхьабарт хуьлуш, цуьнан кандидатура оцу даржехь чIагIйира.

Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Закриев ИбрахIиман вовшахтохараллин а, бахамаллин а белхан доккха зеделларг хилар, оцу зеделлачо цунна Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствон болх керлачу тIегIан тIе баккха таро лург хилар.

«Республикин куьйгаллехь тайп-тайпанчу шерашкахь цхьамогIа жоьпаллин даржашкахь хилла иза. Оцу даржашкахь волуш шех тешийнарг кхиамца кхочуш а дина цо. Салманан ИбрахIимна хаьа мел чолхе а декхарш сиха а, лаккхарчу дикаллица а кхочушдан. Тешна ву керлачу даржехь а иза кхин а лакхарчу жамIашка кхочург хиларх», – элира Р.Кадыровс.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, юьртабахаман дакъа уггаре чолхечарах цхьаъ ду. Иза кхидIа а кхион дезаш ду.

«Юьртан бахам массо а агIор кхиорхьама тахана мелла а керла, эвсаре некъаш лаха дезаш ду. Коронавирусан ун бахьанехь дуьненахь кхолладеллачу экономикин чолхечу хьоло вайгара лоьху юьртан бахаман сурсаташ кхиор а, агропромышленни ерриге а комплекс кхиор а. Иза вуно чолхе декхар ду, Iаламан хьелаш хьесапе эцча-м муххале а. Iаламан хьелаша, хенан хIоттамо даима а аьтто ца бо вайн хьийкъина ялта, юьртабахаман кхидолу сурсаташ кхион. Делахь а, со тешна ву Салманан ИбрахIимна оцу чолхаллех хьалхавала эвсаре некъ карориг хиларх», – элира Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо, иштта, баркалла элира юьртан бахаман министран даржехь хиллачу Дадаев Мусана цо дуккха а шерашкахь хьанал болх барна.

Р.Кадыровс хаам бира хIинца М.Дадаевс Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчин даржехь болх бийриг хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун даржехь чIагIвира Парламенто Кадыров Хас-Мохьмад, цул хьалха регионан Совбезан секретаран даржехь болх бина волу.

Д.ПАШАЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: