Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Соьлжа-ГIалара проспект кхин а хазъелла дIахIуттур ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалахь кхочушъеш йолчу масех проекте хьожуш чекхвелира хIокху деношкахь.

Цуьнца цхьаьна вара республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Правительствон Председателан заместитель – юьртан бахаман министр Закриев ИбрахIим, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад, Iедалан кхиболу векалш.

Ша аьлча, Кадыров Рамзан а, цуьнца цхьаьна хилларш а пачхьенерчу Войково поселкехь а, цигахула охьадогIучу Соьлжа хин бердайистехь а хилира. И меттигаш тойина, хазйина дIахIиттийна, «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман проект кхочуш а еш.

Кхузахь цхьа километр гергга беха гIашлойн некъ биллина, оцу некъаца 14 гIант, нехаш чукхуьйсу 30 тускар, серлонан 26 бIогIам хIоттийна, ткъа иштта, меттигерчу бахархошна садаIа аьтто беш, стоьлаш а, гIанташ а дехкина.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо цул тIаьхьа хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу проспектера «Луч» олучу куьпахь.

Цигара дуьйна «Минутке» кхаччалц йолчу юкъахь гIишлошъяран баккхий белхаш дIабахьа билгалдеш ду.

«ХIусам а, гIалара хьал а» къоман проект кхочушъяран гурашкахь дIахьур ду некъ шорбар, гIашлойн некъаш дахкар, проспектан йохалла садаIа меттигаш яр, синтарш догIар, серлонан бIогIамаш хIиттор, кхидолу гIуллакхаш дар.

Ца йовззал, хийцаелла, хазъелла, куьце еана дIахIуттур ю и куп.

Проект кхочушъяр тIедогIучу шеран юьххьехь дIадолор ду. Ткъа хIара шо чекхдалале белхаш кхочушбарна мел оьшу тептарш кечдийр ду.

И гIуллакх мелла а сиха а, кIорггера хьесапаш дарца а дIадахьар тIедиллира Кадыров Рамзана шеца цхьаьна хиллачу Тумхаджиев Iийсана а, Закриев ИбрахIимна а, Кадыров Хас-Мохьмадана а.

Цара и тIедиллар кхиамца кхочушдийриг хиларан шеко а яц.

Делахь-хIета, кхин хазъелла, къегина дIахIуттур ю Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Соьлжа-ГIалара проспект.

Д.АНАДЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: