СовгIатан меттигаш ехира

ХIокху деношкахь Махачкала гIалахь дIаяьхьира СССР-н, Россин хьакъволчу тренерна Нуцулханов Салимна лерина паргIатчу кепара охьатохархлатарехула турнир. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толаман меттигаш ехира вайн цхьамогIа махкахоша. ШолгIа меттиг яьккхира  Отарсултанов Джамала (61 кг), кхоалгIа – Чакаев Ахьмада (65 кг), Джукаев Расула (70 кг), Ибрагимов Iадлана (97 кг), Дукаев Бекхана (125 кг).

Вайн спортсменаш оцу кхиамашка кхачийнарш бу церан тренерш Хусаинов ВахIид, Сулейманов Iумар, Дудулаев Асламбек, Базиев Руслан.

Турниран толамхой дакъалоцуш хир бу кху шеран июнь баттахь Баку гIалахь хинйолчу Европан чемпионатехь.

 

З.ШИШХАНОВА

№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: