Фондо гӀо-накъосталла дина

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу регионан юкъараллин фондан президента Кадырова Несин Айманис юха а ахчанца гӀо-накъосталла дина могаш боцучарна.

Иштта хаам бина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Телеграмехь йолчу шен агIонехь. Р.Кадыровс билгалдаьккхина регионан юкъараллин фондо гӀо-накъосталла дар, сагIанаш дахар цхьана а дийнахь сацийна цахилар.

Ткъа хӀинца фондо вайн республикерчу 10 дархочун аьтто бира регионал арахьа шайна дарба лахийта. Уьш берриге а тайп-тайпана цамгарш йолуш бу, царна юкъахь шо кхаьчна бер ду, диъ шо долуш кхо бер ду, ворхI шо а, исс шо а хенаш йолуш бераш а, иштта, пхийтта шо а, ткъа шераш а долуш кегийрхой а бу. Фондо шена тIелаьцна некъан харж а, молхадарба даран харж а.

Масех шо хьалха хиллачуьнца дуьстича, вайн медицина дикка кхиъна йогIуш ю, делахь а, цхьайолчу цамгаршна говзанчаш а бац, медицинин аппараташ а яц вайн регионехь. Цундела фондо ша а лоху, цомгашчеран цамгаре хьаьжжина, цунна дарба хин долу больница.

Фондо беш болу болх беккъа цомгашчарна гIо-накъосталла дарна тIехьажийна Iаш бац, цо гIо до мискачарна а, цIа доцучарна а, буоберийн дог хьосту, цул сов, и дерриге а беккъа вайн махкахь дина Iаш яц фонд.

Фонд, дукха хенахь дуьйна а, регионал арахьа хьовха, махкал арахьа а сагIанаш дохуш, мискачарна гIо деш ю.

КАНТАЕВ Абумуслим
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: