Машенахь дIасабоьдучу доьзало а цхьаьна лело еза туьтмIаьжгаш

Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалло юха а кхайкхам бина машенашкахь дIасабоьлхучу хенахь туьтмIаьжгаш лелон езаш хиларан хьокъехь. Уьш лелон езаш хиларх бахархой кхето лууш беш бу и кхайкхамаш.

Кхул хьалха а, журналистийн хаттаршна жоьпаш луш Роспотребнадзоран Нохчийчохь йолчу урхаллин говзанчас дийцира шайн долахь йолчу машенахь дIасабоьлхучу цхьана доьзалан декъашхоша туьтмIаьжгаш ца лелийча а хIумма а дац бохуш.

«Медицинин агIор иштта хила а деза. Шайн чохь а ма лела уьш туьтмIаьжгаш а йоцуш», – билгалдаьккхира урхаллехь.

Делахь а, коронавирусан ун даржарца долу хьал телхина доьдуш хилар хьесапе а эцна, машена чохь баккъал а цхьана доьзалан декъашхой бен цахиларна тIехь терго латтон таро хиллане а цахилар тидаме а эцна, Роспотребнадзоран регионан урхалло керла кхетор даржийна.

Иза иштта ду: «Нагахь санна машена чохь шиъ я цул алсам адам хилахь, цара, муьлххачу хьолехь а, лардаларан туьтмIаьжгаш лело еза».

Иза чIагIдира Роспотребнадзоран Нохчийчохь йолчу урхаллехь. Аьллачунна тIетухаш билгалдаьккхира и бехкамаш COVID–19 цамгар кхетаран кхерам лахбарна а, бахархойн могашалла ларъярна а тIехьовсийна хилар.

Дуьйцург хезначух, хезначух кхеттарш а дойла вай Везачу АллахIа.

№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: