Хаамийн гIирсашкахь болх барна юкъаийзабо говза, хиндерг долу къонанаш

Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министерствос боккха болх дIахьо шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх бан говза, хиндерг долу къонанаш лахарехь а, балхана юкъаозорехь а. Цу хьокъехь хаам бира ведомствон куьйгалхочо Дудаев Ахьмада.

Цо дийцарехь, кIорггера хаарш долу, Даймахкана муьтIахь долу адамаш даима эшна, оьшуш а ду регионна.

«Ас юха а тIеэцна мукъа долчу даржашка болу кандидаташ. Ала дашна, иза чIогIа пайдехь а хилира. Масала, Шамаев Муслим Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн (ОАЭ) тоьллачех цхьаъ йолчу дешаран заведенехь а, цул тIаьхьа Великобританерчу сий-ларамечу «Harrow School»-хь дешна ву. Цо масех шарахь США-рчу «The Webb School»-хь дешна. Цуьнан вешица Шамаев Мусаца къамел хилла сан», – билгалдаьккхира министра.

И шиъ зеделларг а, мехала хаарш а долуш ву, республикина оьшур волуш ву, министра дийцарехь.

«Иштта, сан цхьаьнакхетар хилира Хатуев Iелица. Иза дуккханхьа а белхаш бина ву. Пачхьалкхан гIуллакхашкахь болх бечу хенахь, цо ша кIорггера хаарш долу, къинхьегам безаш волу, хьанал говзанча санна гайтина. Билгалдаккха деза оцу цхьаьнакхетаршкахь дика сацамаш бина хилар. Воккхаверца билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан нийса а, хьикмате а политика бахьанехь вайн регионан цу тайппанчу белхахойн тIаьхьало хилар», – дерзийра Дудаев Ахьмада.

Хь.САИДОВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: