«БIаьстенан дийно Iаьнан бутт кхаьбна»

«БIаьстенан цхьаьна дийно Iаьнан цхьа бутт кхаьбна», – олуш дара вайн дайн. Уьш шайн хьаналчу къинхьегамца рицкъ доккхуш а, оцу хьаналчу рицкъанца доьзалш кхиош а бара. Царна дика хаьара оцу кепара кхиийна болу доьзалш бен шайн дайшна а, махкана а муьтIахь а, тешаме а хирг цахилар. Ткъа хьанал рицкъ луш дерг латта ду.

Ахь къахьегаре терра комаьрша беркат вайна схьалуш ду вайн латта. Цунна тIехь къахьегаре терра оцу лаьтте безам а кхоллало. Вайн дайша вайна довзийтина зеделларг, цIена бакъдерг ду иза. Ма-дарра иза вайна карладелира дерриге а дуьненахь санна вайн махкахь а коронавирусан ун даьржинчу хIокху шеран бIаьстенан юьххьехь.

И ун даржарца доьзна, вайна дика дагадогIуш ма-хиллара, пачхьалкхашна юкъара дозанаш дIакъевлира, херъелира юкъаметтигаш, къаьсттина кхачанан сурсаташ дIасадахьийтаран декъехь.

Оцу хьолехь адамаш дикка доьхна, шаьш муьлха-хIун дан деза ца хууш хьаьвзира. Шайн таронаш, аьттонаш берш кхачанан сурсаташ туьканашкара, складашкара таппашкахь дIаэца, дIаIалашдан чухьаьлхира. Мацалла хIотта кхерам бу боху хабарш даржон долийра.

Кхане, тIаьхье йоцуш некъ бара иза. Цунах дика кхеташ волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн халкъе кхайкхам бира, болх Далла тIе а биллар, доха а ца духуш, бIаьсте хиларх пайда а оьцуш, лаьтта тIе дерзар, бошмаш дIаер, даьхни (цу юкъахь зIакардаьхни а) кхиор доьхуш. Кхайкхам бина ца Iаш, дош делира Нохчийчохь мацалла ца хIоттийта.

Цуьнан кхайкхаме ладуьйгIира халкъо. Шен урд, беш, кха дерг латталело аравелира, ур-атталла цкъа а лаьттах бел Iоттаза верг а аравелира хIу дIаден. Эзарнаш керташ, кхаш, бошмаш дIайийра. Царна дIадуьйш долчу хIуьца доккха гIо-накъосталла дира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо.

Цо иттаннаш тоннашкахь хьаьжкIийн, картолийн хIу маьхза дIасадийкъира бахархошна. Массо а юьртахь, гIалахь дIабаьхьира и болх. Адамаша вовшашна а гIо дора хIуьца а, дIаюьйш йолчу кхечу хIуманца а, зIакардохнаца а. И чIагIдеш хIетахь суо теш хилла цхьа масал дало лаьа. Лулахой бара шайн бошмаш дIаюьйш.

– Хьасан, хьаьжкIийн хIу ду хьуна вайгахь, дезий хьуна? – хотту Вахас шен лулахочуьнга.
– Цхьа соти хиллал меттиг йисинера сан дIаеза, доккха гIуллакх хуьлура суна цунах, лохьа, – элира Хьасана.

ХьаьжкIийн хIу шега схьакховдийча, Вахе цхьа кад дIабелира Хьасана: «ГIабакхийн хIу ду хьуна хIара. Цхьанхьа дIаIоттахьа. Башха гIабакхаш кхуьур ю хьуна», – аьлла. И санна долу масалш дукха дара.

Вайн хьеначу лаьтто, Делан лаамца, бIаьрг, дог делош комаьрша схьало, уьттазза сов доккхий, шена дIаделларг. Иштта хилира Нохчийчохь а. Эзарнаш бахархойн керташкахь хьийкъина хьаьжкIаш, кхоьш, хохаш, саьрамсекхаш, хорсамаш, картолаш, гIабакхаш, кхиболу хасстоьмаш, стоьмаш кхиъна. Дуккха а нехан керташкахь зIакардаьхни кхиъна. ХIокху аьхка Соьлжа-ГIалара Ведана боьдучу некъаца вогIучу хенахь Гермачига юьртахь некъан йистош масех километре яхъелла хьаьжкIийн йоккха аре яра. Дукха хан яра суна оцу некъаца иштта хьаьжкIаш газа.

Баккъал а, ма доккха беркат ду хьаьжкIийн и кенаш! Иштта сурт кхечу ярташкахь ган йиш ю. Теркаца йолчу кIоштийн аренашкахь хIокху шарахь вайн бахархоша дукха хорбазаш, пастанаш, гIабакхаш кхиийна. Вайн бахархоша шаьш шайн бошмашкахь, хассбошмашкахь, аренашкахь кхиийна беркат чудерзон долийна. Шайна Iаьнна дIаIалашбеш бу хохаш, саьрамсекхаш, буракаш, хорсамаш, кхиерг. Совъяьлларг дIаюхку, сагIийна лула-кула дIасало. ХIинца вайн базаршкахь, махлелоран туьшашкахь духкуш долчу кхачанан сурсаташна юкъахь кIезиг дац Нохчийчохь кхиийна кхачанан сурсаташ.

Баккъал а токхе еана вайна хIара гуьйре. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шегара масал а гойтуш, бинчу кхайкхаман гIо а лоцуш, вайн бахархоша шайн бошмашкахь дуккха а беркат кхиийна, даьхни кхиош а ду. Амма, суна хетарехь, уггаре а коьртаниг ду вайн бIеннаш бахархойн лаьттаца йолу юкъаметтиг хийцаяла йолаелла хилар, царна шайн бошмашкахь болх бар марздала доладелла хилар, оцу балхах самукъадала доладелла хилар. Тахана кесткеста хеза: «Дера, шен кертахь кхиийначу наьрсан, помидоран чам шатайпана ма хуьлу».

Доккха маьIна долуш ду и дешнаш. Ша шен бешахь кхиийначу сурсатан чам бевзина царна. И чам бевзинчу стага цкъа а дуьтур дац беш, хас лелор. Цуьнан оцу лаьтте безам кхоллабелла. Цкъа а дIаболуш боцу, гIеллуш боцу безам бу иза. Шен Даймахке болу сий-ларам чIагIбеш болу безам бу иза. Дийцарх кхетар вац цунах, ша оцу лаьтта тIехь болх бан ца волавелча, шен шина куьйга кхиийначу сурсатан чам ца баьккхича. Бер санна хьоьстуш ша кхиадо цо и сурсат, шелдаларна, «хьагдаларна», цомгаш хиларна кхоьруш, цуьнан гIапатарна тIехь сагалматаш гар а ца дезалуш.

Бешахь, хесахь бечу балхана къонанаш юкъаозор кханенан ойлаяр ду. Цундела къаьсттина воккхавево бошмашкахь, аренашкахь дай-наношна юххехь къахьоьгуш кегийрхой гича. Царах дукхах берш хIокху шарахь дуьххьара бел, метиг, шалго караэцна, дуьххьара латта аьхкина, асар дIадаьккхина, стоьмийн гонаш аьхкина бу. И гIуллакх царна деза а делла, шеко йоццуш. Шаьш дIадийначу, кхиийначу сурсатийн доладеш уьш хилар цунна бIаьрла тоьшалла ду.

Цхьадика, АллахIан къинхетамца, коронавирусан ун вайна юкъара дIадолуш ду. ХIокху чолхечу хьолехь вайн бахархойх доккхах долу дакъа лаьтта тIе дерзаро, Дала мукъ лахь, беркате тIаьхье лур ю. шо-шаре даларца алсамбевр бу латталелорхой. Цуьнга хьаьжжина токхе а, зовкхе а хир ду вайн дахар. Цунах тешна ду вай. ХIунда аьлча, лаьтте бахана безам цкъа а дIаболуш бац.

С.ХАМЗАТОВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: