«Нохчийн туьйранаш» — керла книга

Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан гIалин библиотекин №11 йолчу филиалан куьйгалхочо, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Юсупхаджиева Азас а, фольклориста, яздархочо Уциев Абус а вовшахтоьхна нохчийн яздархойн а, халкъан а туьйранийн «Нохчийн туьйранаш» книга йовзийтар дIадаьхьира А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан культурин министр Дааев Хож-Бауди, Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, республикин хьакъволу артист, оцу книгина карикатураш ехкина суртдиллархо, актер Исраилов Хож-Бауди, яздархой, нохчийн меттан Iилманчаш, библиотекарш, дешархой.

– Вайн бераш нохчийн туьйранийн буха тIехь кхио дезаш ду. Туьйранаша бераш кхетош-кхиорехь доккха дакъалоцу. ДоттагI мила ву, мостагI мила ву а гойту туьйранашкахь. Цул сов, Iема нийсаниг-вуониг вовшах къасто, гIиллакхаш довза, уьш муха, хьаьнца лело деза. Иштта, яхь, майралла, къонахалла, турпалалла, доьналла, тешам бохучу дешнийн маьIна а девза туьйранашкахь. ХIара санна йолу цхьа книга кIезиг а яц, эзар книга дукха а яц. Азас хIокху книги тIехь ондда къахьегна. Дела реза хуьлда цунна, – элира культурин министра Дааев Хож-Баудис.

Иштта, шен къамелехь министра билгалдаьккхира, халкъан туьйранаша шира истореш йовзуьйтуш хилар а. Ткъе пхеа яздархочун уггаре а тоьлла туьйранаш дахана оцу гуларна юкъа, дисинарш халкъан туьйранаш ду. ХIора а туьйранан чулацамца догIуш, берийн иэсехь кхоллалучу васташца дехкинчу суьрташца кечйина ю книга.

– Со библиотекарь хиларе терра, суна дика евза вайн берийн нохчийн маттаца йолу уьйр-марзо. Дукха хьолахь, оьрсийн туьйранаш я кхин исбаьхьаллин литература еша лууш хуьлу уьш. Суна чIогIа лазаме ду и хьал. Нохчийн матте безам кхоллабалийта а, цуьнца цхьаьна вайн берашна туьйранаш довзийта а дагахь ойла кхоллаелира сан. Уциев Абух (Дала гечдойла цунна) дагаяьлча, цо къобалдира и гIуллакх. Абус гайтира суна и гIуллакх кхочушдаран нийса некъ а. Тахана иза вайца воцуш ву, делахь а, цо доккха дакъалаьцна хIара гулар вовшахтухуш, – элира Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан гIалин библиотекин №11 йолчу филиалан куьйгалхочо, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо, туьйранийн гулар вовшахтоьхначу Юсупхаджиева Азас.

Иштта, суьйренехь дакъалоцуш яра Россин Федерацин хьакъйолу артистка, Нохчийн Республикин халкъан артистка, Кадыровн Орденан кавалер Межиева Макка. Юсупхаджиева Азин дешнаш тIехь ша мукъам баьккхина «Забаре йиш» дIалекхира цо.

Иштта, Азин дешнаш тIехь Садулаева Маликас мукъам баьккхина «Седарчий» йиш дIалекхира мэрин Культурин департаментан клубийн декъашхочо Газалиева Зайнапа.

Оццу клубийн декъашхоша Эльдарова Раянас А.Юсупхаджиевас язйина «Книга» байт йийшира, ткъа Исаев Мохьмада «Нохчийн туьйранаш» книги юкъара Умарова Лизас яздина «Куралла» туьйра дийшира.

Берашна леринчу книгех шайна хетарг элира Ибрагимов Кантас а, Джамбеков ШаIранис а, Исраилов Хож-Баудис а.

Цара массара а лаккхара мах хадийра гуларан.

Культурин а, искусствон а дакъошкарчу проектийн гIоьнна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун грантаца арахецна ю книгаш. Республикерчу массо а библиотеке дIакхачор йолуш а ю уьш.

«Нохчийн туьйранаш» книгех цхьа ши дош. Книгин мужалт, ВоккхачуДадас шена гонаха бераш а ховшийна, туьйра дуьйцучу суьртаца кечйина ю. Иштта нохчийн бустамаш а ду книгин тIехьарчу мужалта тIехь.

ХIора туьйранан коьрта маьIна билгалдоккхуш ду царна догIуш дехкина суьрташ. Турпалхой нохчийн аматехь а, нохчийн духаршца а бу. Ткъа ша гулар дIайолало Уциев Абун «Хьалхарчу дашца» ду: «Нохчийн къоман барта кхоллараллин говзаршна юкъахь, синъоьздангаллин жовхIарийн хIорд санна, кIорга а, шуьйра а, аьхна а, маьIне а, чулацаме а, хьекъале а, цуьнца цхьаьна, дIаяздарна, кхетарна атта а, яьржина а кеп лору туьйранаш…».

Туьйранаш гулдинарг Юсупхаджиева Аза ю. ХIора а туьйра шен библиотекин паспорт долуш ду. Аьлча а, автор мила ву а, стенах лаьцна ду, муьлхачу газет тIехь я журнала тIехь дуьххьара зорбане даьлла а билгалдоккхуш ду.

КIорггера чулацам болуш а, аттачу маттаца яздина а ду хIора туьйра.

Цул сов, берашна деша кIордор доцучу барамехь а ду.

ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрташ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: