Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсаша хIора шарахь дIахьо мехкан кIошташкахь прессин ярмарка. КIоштийн бахархошца дIахьочу цу цхьаьнакхетаршкахь гулбеллачарна довзуьйту Нохчийчохь арадовлуш долу газеташ, журналаш. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство ю и беркате гIуллакх дIадолийнарг. 2015-чу шеран 28-чу майхь Шелковски районехь дIаяьхьира пресс-ярмарка. «Даймохк», «Вести республики», «Молодежная смена», «Наша школа», «Столица+» газеташ, «Орга», «Нана», «СтелаIад», «Вайнах» журналаш дара Шелковски районе деанарш. Гулбеллачара самукъадаларца луьстура хIора газет, журнал. Тидаме оьцура массо репортаж, очерк, зарисовка, хаам. Къаьсттина царна хазахетара нохчийн ширачу яртийн исторех йолу чулацаме материалаш.
Нохчийн Республикин халкъан артист, Шелковски кIоштан культурин цIийнан исбаьхьаллин куьйгалхо Абдукаримов Илес вара ярмарке веана. Баркаллин дош олуш, журналисташка цо элира: «Тахана шу кхуза кхачар тхуна мерза кхаъ бу. Доккха гIуллакх ду халкъана, махкана аш дийриг. Къаьсттина суна хазахийти нохчийн маттахь долу газеташ, журналаш ярмаркехь хилар. Хазахетта ца Iаш, ас-м масех байт иллешка ерзийна, сайн репертуаре схьаэца дагахь, билгалъяьккхи. Аьтто баьллачуьра, суна цIенчу даггара баркалла ала луур дара, вайн махкарчу берриге а журналисташна. Iаламат мехала болх бу цара беш берг».
Дийца даьккхинчуьра аьлча, журналистийн а самукъадолу цу тайпанчу цхьаьнакхетарех. Доккха беркат долу царех. МогIарерчу адамийн шуьйрачу гуонашна вайн махкахь арадовлу газеташ, журналаш довзар хуьлу, газеташка, журналашка язбала луурш алсамбовлу. Ткъа уггаре а мехалниг: зорбанехь болх беш болчу журналисташна шайн махкахойн дог-ойла йовзар а, керла зIенаш дIатасар нисло, гергарлонаш чIагIло.
Шелковски кIоштарчу администрацин тхов кIелахь пресс-ярмарка дIахьочу хенахь, рогIера йоцу кхеташо хиллера цигахь дIайоьдуш. Иза дIайирзича, Шелковски кIоштан администрацина куьйгаллехь волу I.Израйилов Соьлжа-ГIалара шаьш долчу баьхкинчу хьешашна тIевеана, салам-маршалла хоттуш вистхилла, ярмаркехь дакъалецира. Иза леррина хьаьжира газеташка, журналашка. Мелла а цецвелира, прессига язваларан мах иштта лахара хиларх.
Шелковски кIоштахь пресс-ярмарка дIахьош гIо-накъосталла динарг, журналисташна комаьрша хьошалла деш хилларг, кIоштан администрацин пресс-службин куьйгалхо А.Анасов вара. Пресс-ярмарка кхиамца дIаерзарехь цуьнан хьуьнаран дакъа а дара.
А.АРАПХАНОВА
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо