Юкъараллин кхиар, коьрта долчу декъана, тIекхуьучу тIаьхьене шен хаарш, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, дахарехь зеделларг дIадаларца доьзна ду. Цхьа тIаьхье, шен оьмар чекх а йолий, дIайолу, тIекхиъначо дIахьо шен халкъан дахар. Иштта ду дуьненан дIахIоттар, Веза-Воккхачу АллахIа иза нис ма-дарра.

Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин Правительствон декъашхошца а, кIоштийн куьйгалхошца а шен хиллачу кхеташонехь вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан-Хьаьжас билгалдаьккхира синан культура кхиоран болх вайн юкъараллехь коьртачарах цхьаъ хилла дIахIотта безаш хилар.
Цул сов, цо къаьсттина боккха тидам тIебахийтира халкъалахь нохчийн меттан хьал тодарх долчу гIуллакхна.

«Школашкахь а, дешаран лакхарчу а, корматаллин а заведенешкахь а нохчийн мотт хьехаран а, Iаморан а гIуллакх тодан деза, хьалхалерчу шерашкахь хиллачу хьоле кхачо деза иза, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана. – Вайна хаьа, мотт ца хилча, къам хуьлуш доцийла, цундела и ларбар, иза Iаморехь оьшург дерриг а дар вайн декхар ду».
Регионан Куьйгалхочо школашкахь нохчийн мотт хьехарна сахьташ тIетоха деза элира. Иза ца хилча йиш йоцуш хIума ду, хIунда аьлча, дешархошна уггаре а оьшучу предметех цхьаъ йолчу нохчийн маттана сахьташ кIезиг ду.
Цу хьокъехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу говзанчаша дукхазза а дийцина шайн цхьаьнакхетаршкахь, дехарш яздина лакхарчу инстанцешка, зорбанехь и гIуллакх дукха дийцина, амма цуьнан хIинццалц йист яьлла яцара.
Ткъа хIинца, республикин Куьйгалхочо иза тIеддиллина хилча, цунах дика тIаьхье йолуш гIуллакх хир ду.
Нохчийн маттах а, ненан мотт санна, иза мехала хиларх а лаьцна ша оцу кхеташонехь дуьйцучу хенахь, Р.Кадыровс элира: «Жимачу берана шен ненан маттахь ойла ян Iамо деза».
Иза Iаламат нийса хIума ду. Шен ненан маттахь беро ойла еш хилча, и мотт цуьнан кхетаман а, хьекъалан а мотт ма хуьлу.
Iилманчаша ма-баххара, берана уггаре а хьалха хаа безарг ненан мотт бу, дуьненах долу хаарш тIеэца атта хир ду цунна тIаккха. ХIора дийнахь шена хезаш болчу маттах кхета а, доккха мел хили а, иза дика бийца а Iемар ду берана.
ТIекхуьуш йолу тIаьхье вайн къоман синан хьостанашна тIеяло еза. Къам синан агIор меттахIотторехь, цуьнан культура кхиорехь кхин некъ бац вайн. Ткъа и болх дIахьочу хенахь вайн кегийнаш – тIекхуьуш йолу тIаьхье – юкъаозо еза, царна уллера довза деза шайн дайн синан орамаш, царах марзо эца а, уьш лара а, царах дозалла дан а хаа деза царна.
Къомо шен синан орамаш дIатеснехь, мотт бийцар, иза кхиор галдаьллехь, и къам доха герга ду, цуьнан кхане хир яц. Дуьнен чуьрчу халкъийн исторехь дукха масалш ду цхьадолу кегий къаьмнаш, дайна, хIаллакьхиларан.
Дукха хьолахь, уьш шайн мотт а, культура а ларцаярна дIадевлла. Мел боккха эшам бу иза – дийнна къам дуьнен чуьра дIадалар. Цу къоман адамаш кхечу халкъех дIа а оьй, шайн мотт а, орамаш а дицлой, дIахIуьтту. Цхьа тIаьхье дIаяьлча, дIаийначу халкъах болу нах хуьлу царах. Кхоам бац дайначу халкъан? Довш дерг цу къоман са ма ду, мотт а, культура а, истори а хилла ца Iаш.
Ткъа вайх лаьцна аьлча, вайн мотт бан мега аьлла, дIакхайкхийна Дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО организацис. Цара 90-чу шерашкахь вайн республикехь талламаш бина.
Схьадийцарехь, нохчийн маттахь еша хууш школехь и мотт Iамийнарг массо а ву, амма йиллина я кест-кеста нохчийн маттахь газет, журнал я исбаьхьаллин литература йоьшуш дерриге а халкъах масех процент бен вац.
Цу тIе а доьгIна, шаьш бинчу талламашца вайн мотт бовш болчу меттанашна юккъе язбина цу организацерчу говзанчаша. Вайна иза тIелаца хала ду, амма долуш дерг чолхе хьал ду. Цундела ян еза ненан меттан терго пачхьалкхан тIегIанехь.
И болх вайн республикин Куьйгалло шен лерринчу тидаме эцна, ткъа цуьнан дика тIаьхье хирг хиларан вайн цхьа а шеко яц. Вайга, могIарерчу бахархошка, далун дерг хIун ду вешан мотт ларбархьама? Уггаре а хьалха: иза бийцар, зорбане даьлларг дешар, берашка иза бийцийтар, ларийтар.
Цхьаболчарна тамашийна хета а там бу ас иштта аьлча: вешан маттехула а ма кхачало вай цивилизацин хьостанашка, историн баххашка, дуьненан культурин хазнашка. Амма иза кхидолу меттанаш дIа а тасий, беккъа вайн мотт бийца бохург дац.
Хьайн маттана эшам ма бе, цуьнга ларам хила, иза дIа ма таса бохург ду. Маттах лаьцна дуьйцург дерзош, цхьа масал дало лаьа суна. Вайн луларчу Дагестанехь 30 сов халкъ ду (дийцарехь, уьш-м кхин а сов ду), цара вовшашка оьрсийн мотт буьйцу, шайна ма-хаъара.
Ткъа иза шайна дика ца хаьа, массеран а, иза бежIу я академик велахь а, чолхе акцент ю аьлла, сагатдеш а бац уьш. Шайн меттанаш лардо вайн лулахоша. Цхьана жIайхойн маттахь (аварцы) масех газет а, журнал а ду арадолуш. Бахархой цу изданешка язбаларехь яккхий халонаш а яц церан.
Вай хIунда ца оьцу царах масал? Цу тIера дIа ма долало мотт а, къоман культура а ларъяр.
ТIаьхьарчу хенахь Iаламат мехала болх бу республикин Iедало вайн регионехь дIахьош. Лаьмнийн кIошташкара шира бIаьвнаш а, гIишлош а, шира ярташ а, некъаш а меттахIиттош, хьалхалера церан сибат тодеш, беш белхаш бу.
Иштта тоеш, меттахIиттош ю ГаланчIожан а, Шаройн а кIошташ. Де дийне мел дели, хазлуш ю вайн лаьмнашкара и меттигаш. Къаьсттина Хой юьртах ала лаьара. Цигара меттахIитторан белхаш чекхбевлла.
Шира Хой цхьана заманахь – бIешераш хьалха – вайн лаьттан доза лардеш, шена чохь майра тIемалой-хой бехаш гIала хилла (лам чохь йолчу муьлххачу а йоккхачу шахьарх гIала олуш ду). Замано йохийна, харцораш бен ца йисинера цу меттигах.
Амма тахана иза меттахIоттийна, цунах вуно хаза этнографин музей а хилла. Вайн республике богIучу туристашна къаьсттина хазахета ширачу бIаьвнашка, тайп-тайпанчу гIишлошка, хьалхалера дахар гойтуш йолчу музейшка хьовсуш. Церан вайн къоман истори а, культура а йовза боккха лаам бу.
Цундела, Хой санна йолу меттигаш республикехь алсам мел хуьлу, вайна цунах боккха пайда хир бу.
Амма кхузахь беккъа экономикин агIор хуьлу пайда хилла ца Iа, уггар хьалха вайн тIекхуьучу тIаьхьенна болу цунах йоккха мехалла йолу пайда, хIунда аьлча царна шайн дайн истори а, архитектура а, этнографи а евза.
Кхузахь, ГаланчIожехь, Шарахь, Хойхь, денлуш ду вайн къоман синан орамаш, меттахIуттуш ю цаьрца йолу уьйр. Вайн тIаьхьене дIакхачо дезарг церан шайн халкъан историх а, культурах а дозалла дан аьтто хилар ду.
Уьш, шаьш нохчий лоруш берш, декхарийлахь бу и дозалла дан. Ткъа вайн Iилманчашна, хьехархошна, яздархошна, журналисташна тIехь ду кегийчеран кхетам а, Даймахках йолу уьйр-марзо а самаяккхар, цаьргахь патриоталлин синмехаллаш кхоллар.
Нохчийн дог-ойла а, синкхетам а болуш тIаьхье кхиалур яц вайга, вешан мотт а, культура а, истори а царна ца Iамаяхь. Тахана санна цу тIехь аьтто вайн къоман цкъа а хилла бац.
Арсанукаев Муса, журналист
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де