А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекехь Этнографин йоккха диктант язйина.
Иза язъян гулбеллачаьрга маршаллин дош элира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран заместитела Межидова ПетӀамата.
Диктант язъяйтаран Ӏалашонех лаьцна дийцира цо. П.Межидовас билгалдаьккхира и тайпа диктант язъяро Россин истори а, культура а, шатайпаналла а Ӏалашдарехь доккха маьӀна лелош хилар.
Диктант язъярехь дакъалоцуш хиллачу Къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас мелла а шуьйра дийцира оцу дуьненаюкъарчу акцех лаьцна.
Россин халкъийн Цхьаалин денна лерина язъечу диктантан бехкамаш а бовзийтира цо.
Диктантан тӀедахкарш текстан кепехь кечдина, 30 хаттар чулоцуш дара. Оцу хаттарех 20 – Диктантан федеральни юкъара дакъа дара (диктантан дакъалацархошна массарна лерина). Ткъа дисина 10 хаттар – Россин Федерацин хӀора а субъекте хьаьжжина вовшахтоьхна дара.
ХӀокху шарахь, диктант язъешшехь, аьтто бара шайн жоьпаш нийса ду-дац хьовса а, шайна оьшуш йолчу историн справкийн хьостанех пайдаэца а.
Диктант язъечу хӀоранна электронни кепара йолу сертификат елира, тӀехь билгалдаьхна диктантан жамӀаш а долуш. Ткъа диктантийн жоьпийн мах хадор 100 баллан системица дара.
Диктантан тӀедахкарийн нийса жоьпаш www.miretno.ru тӀехь зорбане дохур ду лахьанан (ноябрь) беттан 16-гӀа де тӀекхачале.
ТӀаьхьарчу пхеа шарахь Этнографин диктант язъярехь 5 миллион сов стага дакъалаьцна.
Цул сов, хьехархошна 5-11 классашкахь «Халкъан цхьаалин де» аьллачу тематикин дарсаш дӀадахьа методикин Ӏаматаш а яра зорбане яьхна.
Иштта, кхоьллина «Этно интерсно» аьлла телеграм канал а яра.
З.ЯХЪЯЕВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де