ТIаьхьарчу кхаа турехь – кхо толам

Россин Премьер-лигин 2020–2021-чуй шеран чемпионатан 14-чу турехь Соьлжа-ГIаларчу «Ахматан» футболисташ Саранск гIалахь «Тамбов» командин футболисташца левзира.

Кхул хьалхарчу турехь шайн цIахь Краснодарерчу «Краснодарана» тIехь хаза толам баьккхина болу вайн футболисташ дикка дог-ойла гIаьттина а йолуш бахара Саранске.

Бакъду, царна ма-моьтту атта а ца нисделира и цхьаьнакхетар. ХIусамдай кхачам боллуш «Ахматан» ловзаран хотIе, амале хьаьвсина хиллачух тера дара, хIунда аьлча, цара дерриге а дора вайн тIелатархошка шайн кевнна кхерам цатасийтархьама. Цаьрга буьрка кхоччушехь, масех защитник дуьхьал волура. Цундела кхин дIора кхераме ца хуьлура цара кевнехьа хьажош тоьхна буьрка.

Серлонан табло тIера терахьаш кхин хийца ца луш чекхъелира хьалхара тайм. Чаккхене йоьдуш яра шолгIаниг а.

Делахь а, майданарчу хьолана «Ахматан коьрта тренер А.Талалаев реза вацара. Цо шен футболисташ иркарахIоттабора, уьш жигарабохуш хьехарш дора, наггахь мохь тухура.

Тренеро лелочух дика кхетара вайн футболисташ. Шайн ницкъ ма-кхоччу майданара хьал хийца гIоьртира уьш. Цу тIехь церан аьтто а белира.

Цхьаьнакхетар чекхдала масех минот йисинчу хенахь, ма-дарра аьлча, 87-чу минотехь «Тамбовн» кевна чу буьрка туьйхира Тимофеев Артема – 1:0.

Оцо вайн команда рогIерчу толаме а кхачийра. Ишттачохь олуш ма-хиллара: бIаьрг ма хуьлийла «Ахматана».

ТIаьхьарчу кхаа турехь тIекIал кхозза толам баьккхина цуьнан футболисташа. И бахьанехь, уьш турниран таблицехь 7-чу меттехь бу, церан аьтто баьлла 14 цхьаьнакхетарехь 23 балл яккха.

Масех шо дара «Ахмат» цу тайппанчу лакхене кхачаза.

Кхул тIаьхьа а иштта кхиаме ловза Дала аьтто бойла вайн республикин футболан коьртачу командин.

Хь.САЙДАЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: