Борз

Вайн хьаннашкахь дукха ю акхарой. Царах цхьаъ ю борз. Иза доккхачу жIаьлех тера ю. Амма башхаллаш ю барзанний, жIаьлиний юкъахь.

Берзан цIога текхаш ду, нийсса ирахь лаьтта лергаш жимма тIехьа дийшадой хуьлу, охьакегделла, кхозуш ца хуьлу.

Борз даима а лоруш хилла нохчаша. Борз санна майра а, тӀахъаьлла а хила веза кӀант, олуш а хилла. ЦӀераш тохкуш а хилла: Борз, Борзаг (берзан кIеза) олий.

Стениг зуд-борз аларца билгалйоккху, ткъа боьршаниг – пхьу-борз.

Берзалой ерриге а цхьатерра майра а, каде а ца хуьлу. Царна юкъахь стешха борз а нисло, цунах борзолаг олу. Берзалоша и тайпаниг шайна юкъахь атта юьтуш яц.

Цхьайолчу акхарошна езаелла шайншайн меттигаш хуьлу: гIамарш, яьсса аренаш, цанаш, лекха лаьмнаш, хьаннаш, хин бердан йистош, раьгIнаш, тогIеш. Уьш лекхачу лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а, раьгIнашкахь а, гIамаршкахь а хуьлу.

Бакъду, хьаннийн кIорге ца еза царна, цигахь ижу лаха хала долу дела.

Барзо ижу лоху, оццу меттигашка а, гонаха долчу Iаламан хьелашка а хьожжий. Коьртачу декъана, ижу лахар лергийн самонца хуьлу цуьнан. Масала, хьакхин херсино мохь хьаькхча, ши-кхо километр генахь хеза барзана. Делла доьжна долу дийнат хьожанах ца хаало барзана, цунна тIехула хьийзачу къигийн гIовгIанах хаало.

Берзан само чIогIа ю. Наб кхетта йоллушехь хеза, мохо декъа гIа хьадийча а. Йижина Ӏуьллучу барзана, хаа ца луш, тIе а ца вахало, коган тата а хаало цунна. Барзана дийнахьчул а дика го са буьйсанна.

Цхьаъ ша хилча барзо лечкъаш, тебаш герга а йоьдий лоцу ижу. Берзалойн арданго го бо, я цхьаерш кIела а ховший, вукхара – тIелоллу. Борз говрийн реманна а, я бажанна юкъа ца эккха.

Бежанаша маьIийн керт дуьхьал хIоттайо, ткъа говраш – букъ берзабой, мийраш тоха дӀахӀуьтту.

Барзо мел дукха гонаш тийсича а, и дуьхьало ца йохайола. Цундела бежана я говр юьстах яла ларйо цо.

Аьхкенан хенахь цхьацца лела берзалой талла, дегӀан шайл кегий дийнаташ леца хала цахиларна. Ткъа Ӏай ардангашца лела, хьалхаяьлла уггаре а тоьлла пхьуборз а йолуш, дегӀана даккхий а, ондий а долу дийнаташ леца хала хиларна.

А.КАНТАЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: