Физически культурин хьехархоша хьуьнарш къевсира

Лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалин №14 йолчу гимназехь Нохчийн Республикин школийн физически культурин хьехаройн вовшахтоьхначу командашна юкъахь мини-футболехула къийсадаларш хилира.

Къийсадаларш Россин Федерацин Халкъийн цхьааллин денна лерина дара.

Цигахь дакъалоцуш 14 команда яра (вайн республикера физически культурин 168 хьехархо).

Къийсадаларийн жамӀаш дича билгалъевлира толам баьккхина командаш: хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан командо, шолгӀа меттиг – Хьалха-Мартан кӀоштан командо, ткъа кхоалгӀа меттиг – ТӀехьа-Мартан кӀоштан командо.

Толам баьккхинчу командашна республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан а дипломаш а, мидалш а, Сийлаллин грамоташ а елира.

СовгӀаташ дӀадаларехь дакъалецира Соьлжа-ГӀалин мэран заместитела Хажмурадов Хаважис а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан хьаькаман заместитела Хизриев Мохьмада а, Берийн а, кегийрхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан директоран замиститела Мурадов Ахьмада а.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: