ХӀокху деношкахь Москвахь чекхъяьлла Россин Федерацин къоначу хьехархошна юкъахь дӀахьош йолу ХV-гӀа юбилейни Ерригроссин конкурс.
Москвара хаза кхаъ кхаьчна аьлла хаам бо Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо шен официальни хьостанехь.
Ерригроссин «Педагогикин дебют–2020» конкурсан «Къона хьехархо» номинацехь толам баьккхина Соьлжа-ГӀалин №28 йолчу школин обществознанин хьехархочо Изнауров ЯрагӀис.
Вайн республикина а, хьехархойн юкъаралина а боккха юьхькӀам бу ЯрагӀи шена хьалха лаьтташ хиллачу зерех иштта чекхваьлла хилар.
Ала деза, оцу конкурсехь вайн республикин цӀарах дакъалоцуш хилла берриге а векалш, конкурсан зерех, иштта, юьхькӀоме чекхбовлуш, конкурсан финале кхочуш, конкурсан луареаташ хилла хилар.
«Къона урхалчаш» номинацехь конкурсан лауреат хилла Соьлжа-ГӀалин №39 йолчу школин директор Джабаева Есита. Ткъа «Къона хьехархой-психологаш» номинацехь конкурсан лауреат ву Соьлжа-ГӀалин №39 йолчу школин хьехархопсихолог Чужигаев Ӏаьрби.
«Къона хьехархой» номинацехь лауреат ю Соьлжа-ГӀалин Ю.Дешериевн цӀарах йолчу лингвистикин школин ингалсан меттан хьехархо Яндиева Белла.
Иштта, федеральни тӀегӀанехь дӀахьочу конкурсашкахь дакъалацаро къоначу хьехархойн дог-ойла керлачу кхиамашна гӀаттайо.
Дала тӀаьхье беркате еш, керлачу кхиамашка кхачабойла вайн хьехархой!
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де