Нохчийчоьнан зарзар — Дадашева Тамара

Дадашева Тамара… Вайнехан къоман мукъамийн хьаьрмахь лераме меттиг дIалаьцна, шатайпанчу башхаллица къаьста сирла агIо. Шен тайначу куц-кепаца исбаьхьаллин нур догу, нохчийн эстрадин сирла седа.

Дуккха а шерашкахь алссам долчу адамийн синойн еза хьаша хилла схьайогIуш ю иза. Муьлха ву вайх Нохч-ГIалгIайн халкъан артисткин Дадашева Тамарин зевнечу озо йийсаре лацаза?

ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь дара къона эшаршлакхархо Дадашева Тамара гучуяьлча. ЙоIа сцени тIехь кхиамца йохучу дуьххьарлерчу гIулчаша, цуьнан зевне декачу, исбаьхьачу озо тоьшалла дора нохчийн эстрадехь керла седа хьалалеташ хиларан.

Дара дера иза-м, вайн махкара дукхах болу цIеяххана иллиалархой санна, Нажи-Юьртара схьадаьлла, цигарчу кIоштан культурин кхерчахь хьалакхиъна ховха зарзар.

Делахь а, иза санна сиха ладогIархойн даг чу бийшина артисташ дукха хир бац.

Нохчийн Республикин халкъан поэтан Кусаев Iадизан дешнаш тIехь Эльдерханов Ахьмада мукъам баьккхина «Ма ала» йиш яра Тамарас дуьххьара йоккхачу сцени тIера дIалекхнарг.

Ма ала безамо,
Багор бац кийра.
Ю цуьнан шен зама,
Хилалахь кийча,
Хилалахь кийча,
Хи эца йоьду со,
Сан дог ду шовда.
ДIаэца хин метта,
Даг тIера безам,
Даг тIера безам…

Цул тIаьхьа мел дукха яра уьш, ладогIархойн лерса хьостуш гучуйийлина керла эшарш! Вайн махкахошна, къаьсттина зударшна, дукхаезачарах яра Нохчийн Республикин халкъан поэтан Рашидов Шаидан дешнаш тIехь, Паскаев Рамзана мукъам баьккхина «Шовданехь» йиш.

БIаьстенан суьйренех,
Суьйре ю тIейогIуш,
Шовдане гулбелла нах,
Сатийсар совдаьлла,
Безаман цIе йогуш,
Лаьтта со ягийна ахь.
Ас хьуна кхиийна,
Аренца зезагаш,
Волахьа цаьрга хьажа,
ХIунда ву кхоьлина?
Лоьху-те кхин безам?
Зезагел хьо ву хаза…

Хийла йоьIан дог айъина, ойла тIомаяьккхина, керлачу анайисте кховдийтина, ховхачу безамах хьагийна эшарш ю уьш, шайн исбаьхьачу серлонца еххачу ханна ладогIархойн дегнаш чу йийшина, дикане, адамалле, къинхетаме хиларе кхайкхина, башхачу эшаршлакхархочун ерриге а сирла кхолларалла санна. Баккъал а, халкъана дукхаезаш артистка ю Тамара а, цуьнан зевне эшарш а. Заманан йохалла гIеллуш бац и ховха безам.

Бералла

Дай баьхначу лаьттана Iаламат гена, ГIиргIизойн махкарчу Ошски областана юкъайогIучу Ала-Бука юьртахь 1955-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь дуьнен чу яьлла Дадашева Тамара.

Сталинан хьадалчаша 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь къинхетамза махках баьхна, 13 шарахь Даймахках хьегийна зама ю иза.

Бакъду, Тамара мотт Iемина, и шарбелла ялале, 1957-чу шеран кхолламан (январь) баттахь, вайнахана цIаберза маршо яларх пайдаэцна, катоьхнна, доьзал балош, шен ворхIе да ваьхначу Нажи-Юьрта цIавирзира цуьнан да Висхьаьжа.

Тамарин да цергийн лор вара. Цунна шен йоIа лоьран корматалла караерзор ю моьттура. Делахь а, дахар ду-кх хIара, лаамаш а, хила язделларш а кест-кеста галморзахдуьйлуш.

1962-чу шарахь Нажи-Юьртарчу школин юьхьанцарчу классе деша яхара Тамара. Жимачохь дуьйна ирачу хьекъалца нийсархошна юкъахь къаьсташ, къоман гIиллакхаш девзаш, уьш лардеш, массаьрца ийна, елаеллаекхаелла яра иза.

Хьехархошна дукхаезара хьуьнаре йоI. Цкъа а хьехархойн дошана дуьхьал дош деана, шегара ледарло ялийтина яцара Тамара, шена тIедиллинарг, массарна юьхькIам болччу кепара кхочушдина чекхдоккхуш яра.

Бераш кхетош-кхиоран болх Iаламат дика дIахIоттийна бара советийн заманахь. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна билгалдохура дешархойн хьуьнарш, цаьргахь йолу корматаллин таронаш. Иштта, дукха хьалхе дIадоладора хIора беран культурица уьйр-марзо тасар.

Школехь гучуделира цуьнан похIма. ЙоI эшарш локхуш яра, шатайпаллица къаьсташ дара цуьнан башха аз.

Бакъду, школехь дешна яларх, сцени тIехь болх бойла-м ца хилира Тамарин. Цу хенахь, хIинца санна, атта дацара нохчийн мехкаршна шайн дахар искусствоца доза. Дукха хьолахь, да-нана реза ца хуьлура, сцени тIехь сеттар вайнехан гIиллакхашца догIуш дац олий.

Цундела, школа кхиамца чекхъяьккхина яьллера аьлла, сценица дахар дозар ца хилира цуьнан. Иза Нажи-Юьртарчу райисполкоме секретарь-машинисткин балха яхара.

Бакъду, балха дIаоьцуш, кIоштан Культурин цIийнерчу исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалацар тIедожийра цунна Нажи-Юьртан кIоштан хьаькамаша.

Цхьана ханна хелхарчийн тобанехь яра иза. Сцени тIехь цуьнца хелхаволуш вара Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Эльмурзаев Бека. Эшарш лакхар ларамаза тIедуьйжира.

ХIинца цхьанна а дага ца догIучу бахьаница концерте йогIийла ца хилира йиллинчу хенахь Нажи-Юьртарчу эшаршлакхархочун.

ТIаккха накъосташна дагадеара школехь эшарш локхуш Тамара хилар. Иштта, яза йисинчу артисткин меттана, цкъачунна, сцени тIе яьккхира хелхарчийн тобанера Тамара.

Бакъду, и «цкъачунна» дуьнен чохь яккха йисинчу массо а ханна хилира. Хьовсархоша, ладогIархоша чIагIдарехь, хилла яьллачу артисткас санна дIалекхира Тамарас шен белхан накъоста лакха еза йиш.

Цундела иза Нажи-Юьртарчу культурин цIийнерчу мехкарийн вокальни тобанах дIатуьйхира, кхуьнга хаттар, алар доцуш. Дукха хан ялале кхоллаелира Тамарин шен репертуар.

ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь массо маьIIера схьахаза делира похIмечу эшаршлакхархочун зевне аз.

Къаьсттина вайн махкахошна дукхаезаш яра Рашидов Шаидан дешнаш тIехь Нохч-ГIалгIайн хьалкъан артиста Паскаев Рамзана мукъам баьккхина «Дахаран миноташ» йиш.

Дахаран цу зовкхе
цхьаьна ца хьийзаш,
Вайн ерзо ницкъ боцу
миноташ евли.
ШолгIа кхин лур доцу
дегнаш а Iийжаш,
Вай вовшех ца кхеташ,
шераш а девли.
Ас бахац, хIинца а
тIаьхьа вай дисна,
Ирс кхолла, я дайна
дегIера гIора.
Амма хьан беснеш тIехь
ихначу хиша,
Сан корта сирбина, –
жима яц дIора…

Кхиамехьа гIулчаш

1976-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министерствос а, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармонин куьйгалло а дехарш дина, Соьлжа-ГIала балха схьаялийра къона эшаршлакхархо.

ХIетахь дуьйна Iер-яхар а, болх бар а Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь ду Тамарин. Халкъана, махкана дукхаезаш эшаршлакхархо хилира цунах, аьлла дитича, артисткин башхачу кхоллараллах хIумма а ца аьлча санна хетар дара.

Нохч-ГIалгIайн Республикин бахархойн дегнийн хьомсара хьаша хилла, еххачу хенахь зевнечу эшаршца церан лерса хьоьстуш, зовкхе зама яьхьира нохчийн къоьжачу лаьмнашкахь кхиъначу оьздачу йоIа.

Дукха артисташ бац вайн махкахь, Дадашева Тамара санна, халкъо цIеначу даггара безаш тIелаьцна. Иза тахана ю нохчийн мукъамаш безачу дукхахдолчу адамийн синойн эла хилла лаьтташ.

ХХ-чу бIешеран чаккхенехь цуьнан меха хIума дацара нохчийн къоман. Цуьнан концерте кхача сатесна дукха ладогIархой хуьлура. КIезиг бацара дукхаезачу артисткех урам-новкъахь йогIуш, йоьдуш ларамаза бIаьргкхетар шайн ирс лоьрурш а.

Вайн махкахошна дукхаезачарах яра Тамарин репертуарера Нохч-ГIалгIайн халкъан поэтессин Р.Ахматован дешнаш тIехь I.Димаевс мукъам баьккхина «Нене» цIе йолу йиш.

Цхьа сингаттам баьлча,
хилча хазахетар,
ЙогIур ю хьо йолчу –
ахь дIакхайкха со.
Со йоьлуш – хьо ела,
елхахь – сан дог эца,
Ларъе къаьхьачу балех,
хьехар суна деш.
Дахаран цу цIергахь
тоъал со а яьгна.
ХIетте а ю дуьне
хазахеташ со.
Нислора, тIам бойна
олхазар а санна,
Со южуш, амма
гIоттура хьала…

Йолучу бIаьстенах таръелла цхьа хаза еана зама яра вайнехан дахарехь а, къоман культурин хьаттахь а ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш.

Къаьсттина беркате зазахецна серлаяьллера мукъамийн хьаьрма. Керла вокально-инструментальни ансамблаш яра кхуллуш, зевнечу цIерашца: «Ичкерия», «Шовда», «Зама», кхиерш.

Массо а ансамблан куьйгалхо къона эшаршлакхархо Тамара шайн тобанехь болх бан лууш вара, цуьнан башхачу озо йийсаре лаьцна.

ПохIмечу артисткин зевнечу озана тIедоьгIна дешнаш яздеш поэташ а бевлира, дешнаш мукъаме дерзо кийча композиторш а кIезиг бацара.

Ткъа цIеначу даггара дIадолийначу кхоллараллин гергарлонийн жамI даима а керла говзар хуьлу.

Иштта кхоллаелла яра Тамарин репертуарера Хатуев Iабдул-Хьамидан дешнаш тIехь Димаев Iелас мукъам баьккхина «ТIаьххьара бал» йиш.

Вай вовшех ца кхета,
Дац цхьа а бахьна,
Я хьенан хIун тоьлла
Куралла ян?
Ахь корта къежби сан,
Ойла дIаяьхьна,
Дог дохош, кховдийна
ТIаьххьара бал!
Тохало, пондарча,
Айъийша илли,
Ца лоьху дуьнен чохь
Мел дезна хьал.
Ца оьшу оьгIазло,
Ца оьшу хIилла:
Къинхетам бехьа сох,
ТIаьххьара бал!..

Къоначу артисткин къеггина похIма, хьанал къинхьегам, вайнехан мукъамийн культура кхиорна юкъа йиллина йоккха хазна бахьанехь, «Нохч-ГIалгIайн хьакъйолу артистка» сийлахь цIе елира Дадашева Тамарина 1980-чу шарахь.

Бакъду, сцени тIехь бохучу кхиамех Iехаелла, даг тIе куралла юссучарах яцара бералехь дуьйна нуьцкъалчу амалехь кхиъна йоI. Иза хаддазза хааршка, кхоллараллин керлачу ирхенашка кхийдаш яра.

Балхана юкъара ца йолуш, 1978-чу шарахь СоьлжаГIаларчу культпросветучилище деша яхара Тамара, шен корматаллех долу хаарш Iилманан буха тIехь тIедуза лиъна.

Кхиболчу дешархоша санна, цхьана классехь хаарш тIедузарх кхачо ца йира цо.

Культпросветучилищен ши отделени цхьаьна кхиамца чекхъяьккхира вайн турпалхочо – вокальни а, дирижеран-хоран а.

Училищехь доьшуш евзира цунна нотийн хьаьркийн къайленаш, Iемира шен оза тIехь урхалла дан, иштта яьстира мукъамийн исбаьхьачу дуьненан доза доцу шатайпа таронаш.

1982-чу шарахь, кхиамца Соьлжа-ГIалара культпросветучилище чекхъяьккхина яьлча, цо вовшахтуху къоначу мехкарийн вокальни тоба, «Жайна» цIе а туьллуш.

Ша биначу балхахь шерашкахь гулдина зеделларг ца кхоош дIакховдадо хьуьнаречу артисткас къоначу мехкаршка. ГIо до царна аз дIахIотто, Iамабо уьш оза тIехь урхалла дан, сцени тIехь хьовсархошна хьалха дIахIитта.

Хьал ца хуучунна моьтту иза Iаламат атта болх бу. И еза оба шена тIехьарчийча бен ца хаьа, мел даккхий зIараш ду дуьххьара сцени тIе волучу стагана хьалха хIуьттуш. Доккха хьуьнар, собар, къинхьегам, похIма оьшу оцу халачу зерех чекхвала.

Вайн турпалхо санна говза хьехархо оьшу, догIучохь човхон, оьшучохь, хьаьстина, дог эца.

Иза дерриге а Тамарин амалца дара. Цундела «Жайна» тобанерчу мехкарша зевне лоькху эшаршна, дукха хан ялале, вайн махкахойн дегнашка боьду некъ карийра.

Цхьана дийнахь а юкъара яла йиш йоцуш балха тIехь ша мел луьра яьллинехь а, училищехь дешарх тоам ца бира цо.

1984-чу шарахь, балхана юкъара ца йолуш, Тамара деша йоьду Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институтан филологин факультете. ТIаьхьа хуур ду вайна хьехархойн институтан филологин факультет похIмечу эшаршлакхархочо ларамаза я цIархазмана яьккхина цахилар.

ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш чаккхенга лестинчу муьрехь Тамара Нохч-ГIалгIайн халкъан артисткин сийлахь цIе дозаллица дIакхоьхьуш яра.

Бакъду, вайн махкахойн дегнашца дустар дича-м, иза, баккъал а, халкъан артистка йолу Iаламат дукха хан яра. Цунна къеггина тоьшалла ду вайна дукхаезачу эшаршлакхархочун башхачу репертуарера Ахматова Раисин дешнаш тIехь Пашаева Марема мукъам баьккхина «Сайн шераш дIаэхарх кхерац» йиш.

Сайн шераш дIаэхарх кхерац,
Гиччош сайн къеждаларх кхерац,
Жималлехь, сатуьйсуш лехна,
Карийна харц къастам лехац.
Бес-бесара хилла сан денош,
Мел халчу новкъа со яларх,
Со йина юрт йицъеш лелаш,
Хилла яц минотехь цкъа а…

Кхиамийн гIушлакхехь

Хьехархойн институтехь филологин факультет чекхъяккхар беркате хилира Тамарина. Сцени тIехь дуьххьарлера гIулчаш нохчийн поэтийн байташ тIехь яьхначу эшаршца яьхнехь а, тIаьхьа Тамарас ша яздора шен эшаршна дешнаш.

Мукъам баккхар а карадирзира цунна. Амма иза данне а дац нохчийн къоман эстрада къеггинчу похIмица серлайоккхуш 50 шарахь гергга хьанал къахьоьгуш йолчу артисткин репертуарехь и тайпа эшарш яц бохург.

Иштта, цуьнан репертуарехь Iаламат дукха халкъан барта кхоллараллера мехкарийн шира эшарш а ю. Царах цхьаъ ю вайна хазахеташ йолу «Кийра буьзна бара безамах» цIе йолу йиш.

ХIетахь кийра буьзна бара безамо,
Безам бийца ца юьтура жималло,
ХIетахь бIаьргаш хьоьга эсала хьуьйсура,
ХIетахь беснеш хьо ма гиннехь йогура.
ХIинца суна хаза мотт ма Iемина,
Хьан бIаьра со хьоьжу лерина,
Амма яц сан даг чохь йовхо кхин,
Хьан шелоно къинхетамза човхийна…

Вай дуьйцург похIмечу артисткин йист йоцчу хьуьнарийн серлаевлла керла агIонаш ю.

«ПохIме адам иза массо а агIор похIме хуьлу», – олуш ду халкъалахь.

Тамара хиллера йиш лекхна ца Iаш, дешнаш яздан а, уьш мукъаме дерзо а гунахь долуш. Иза автор йолчу музыкин композицеша хаъал шорйина эшаршлакхархочун зевне репертуар.

Вайн махкахоша самукъадаларца тIелаьцна ю Тамара автор йолу эшарш. Нохчийн мукъамийн хьаьрмахь хьакъ доллу меттиг дIалаьцна цара. Кест-кеста радион, телевиденин эфирашкахь, концерташкахь хезаш ю уьш.

Шен башхачу озаца тIомаяьккхина муьлхха а йиш санна халкъалахь яха йисина ю уьш, Нохчийн Республикин бахархойн лерса хьоьстуш, Тамарин сирла кхолларалла езачеран дегнаш делош.

ХХ-чу бIешеран 90-чуй шерашкахь кхиамийн гIушлакхехь яра Нохч-ГIалгIайн халкъан артистка. Вайн махкарчу тоьллачу артисташлахь хьалхарчийн могIарехь яра.

Халкъана езарца дуьстича уггаре а лакхарчу тIегIанехь яра. Шен экамечу синан ховха дакъа хьарчош локхура цо муьлхха а йиш, ладогIархойн дегнашка дIакхачош, царна иза дукхаезара. Цунна безара шен кхоллараллаезархой. Цаьрца ларам бара цуьнан.

Амма, вайн массо безамаш а, уьйр-марзонаш а къинхетамза хьошуш, Нохчийчоьнах буьрса тIом хьаьрчира ХХ-чу бIешеран чаккхенехь.

Дерриге а нохчийн къомо санна, буьрсачу тIеман эрчо лан дийзира вайна дукхаезачу эшаршлакхархочун.

Луьрачу тIамо цхьа а ца къеставора. Цуьнан къизаллин дакъа массарна цхьабосса кхечира. Дукха адам махках делира, шайн декъаза синош буьрсачу тIеман шийлачу къизаллех довдийна.

Бакъду, Нохч-ГIалгIайн халкъан артистка даима а шен халкъаца яра. Вайнахана уггаре а хала мур тIехIоьттинчу хенахь дара исбаьхьачу эшаршлакхархочо вевзаш волчу поэта Ахмадов Мусас тодина, композитора Даудов Рамзана мукъаме дерзийна «Чергазийн чехкалла» илли шен репертуаре схьаэцча.

Чергазийн чехкалла цу некъан бохалла,
Цкъа тоьхча тоьур ю дикачу динна шад.
Цкъа тоьхча тоьур ю, цкъа тоьхча тоьур ю,
Цкъа тоьхча тоьур ю дикачу динна шад.
Дуьненан доккхалла, цу некъан дукхалла,
Цкъа аьлча тоьур ду дикачу кIентан дош.
Цкъа аьлча тоьур ду, цкъа аьлча тоьур ду,
Цкъа аьлча тоьур ду дикачу кIентан дош…

Вайн махкахойн буьрсачу тIамо хьаьшна дог-ойла гIаттош, Делан диканах цаьрга дог ца дуьллуьйтуш, нохчийн къоман маьршачу кханенах дегайовхо чIагIъеш екара нохчийн и шира йиш Тамарас кхочушъярехь.

Цо дIалокху муьлхха а йиш санна, ладогIархойн синкIоргене кхочуш, Iовжийначу дегнех хьакхалуш, машаречу кханенах тешош яра иза. Цундела артисткехь Iаламат товш яра, дукха хьолахь, божарша олуш хиллехь хьалха а, цул тIаьхьа а.

Тамарин шатайпанчу башхаллица къаьста исбаьхьа кхолларалла евзачарна, езачарна хууш ду ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайна дукхаезачу артисткина шен безаман ирс карийна хилар.

Лоьрийн Iилманийн доктор, профессор, ерриге а Россехь вевзаш хилла дарбанийн говзанча Мусалатов Хьасан вара Нохчийчоьнан зарзаро дагца къобалвина къастийнарг.

Цуьнан цIар тIе яьллачул тIаьхьа, цхьана ханна Москвахь Iийра Тамара. Хьасанна вина кIант ву цуьнан. Амма ховхачу безаман зевне ирс йоццачу ханна доьссина хиллера вайн турпалхочун дахаре.

Тамара йигина масех шо далале, къизачу Iожалло вайна юкъара дIаваьккхира Хьасан. Буьрсачу тIеман чалхалахь жима кIант карахь волуш, Дела воцург накъост воцуш, ша цхьаъ йисира Тамара.

Делахь а, йоха-м ца юьйхира иза. Шена мел хала хиллехь а, яхь дIа ца луш, доьналлица чекхъелира чолхечу дахаран халачу зерех.

Цул сов, даа санна, цунна дукхадезаш долу нохчийн халкъ дара артисткин синъондаллина гIортор хилла лаьтташ.

ЛадогIархойн безамо гIо дора эшаршлакхархочунна, халонаш эшош, хьалхахьа дIагIерта. Цо цкъа а цхьаьнга а ца далхадо шен экамечу синна дазделларг.

Бакъду, цуьнан цхьайолчу эшаршка леррина ладоьгIча хетало наггахь шен синхаамаш похIмечу артисткас мукъаме берзош санна. И тайпа ойланаш кхуллучарах ю эшаршлакхархочун репертуарера, вайна массарна хазахеташ йолу, Махмудов Iийсан дешнаш тIехь яьккхина «Ирс» йиш.

Ирс, ма долахьа Iуьйре а хилий,
Суьйренца хийцало и.
Ирс, ма долахьа хьаша а хилий,
Хьаша а дукха ца Iа.
Хьо лепахьа сирла нур хилий,
ЗIаьнаршца юьхь къагаеш сан.
Хьо хилахьа даима соьца,
Со кхуллуш кхоьллича санна.
Къовлахьа хоьцур бац алий,
Хьайн мара сан дахаран некъ…

2004-чу шарахь дара Дадашева Тамарина «Шеран адам» сийлахь цIе луш. Иза ларамаза дацара.

Иттех шарахь Нохчийчохь буьрса кхихкинчу луьрачу тIеман кхийсарш нилхаевлчахьана, кегийрхошца жигара болх беш ю вайна дукхаеза эшаршлакхархо.

Цуьнан Iуналлехь алссам музыкин проекташ дIаяьхьна Нохчийчохь. Уьш яра «Къона седарчий–1», «Къона седарчийя–2», иштта кхийолу мукъамийн проекташ. БIе гергга къона эшаршлакхархо, иллиалархо кечвина цо нохчийн къоман сценина.

Лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица и мехала болх дIабахьарна 2009-чу шарахь «Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу гIуллакххо» цIе елира цунна.

Дукха хан ю Тамарин хьанал къинхьегам нохчийн къоман мукъамийн хьаьрмахь махбоцу беркат хилла дIахIоьттина.

Цуьнан зевнечу эшарша серлайоккху вайн эстрада. Кадечу замано шераш идорах, цкъа а нур довш яц цуьнан башха кхолларалла, гIеллуш бац артисткин зевнечу озе болу халкъан безам. 45 шо сов ду вайна массарна дукхаеза эшаршлакхархо сцени тIехь йолу.

Делахь а, тохара санна, вайн махкахошна езаш, мехкан беркате зарзар хеташ ю. Цуьнан исбаьхьачу озо лерса хьосту, догойла ойу, синхьаам бохьу.

Цундела дукхаеза башха эшаршлакхархо Нохчийчохь а, генна дозанал арахьа а. Нохчийн къоман дозаллех цхьаъ ю иза.

Нохчийчоь мел еха дехийла артисткин зевне аз, дай баьхна латта хестош, вайн дегнаш делош.

ГАЗИЕВА Аза
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: