«Iодика йойла, берийн беш!»

IMG_5552

Бералла… ХIораннан а дахарехь – уггаре а хаза хан. Иза-м дIайоьду сихаллица, кхин цкъа а юхайоьрзур йоцуш. Дагчохь сирлачу дагалецамийн: самукъанечу ловзарийн, нанас хьестарца «варийлахь, вон ма лелалахь» бохуш, динчу хьехарийн, денна хитIа лийча оьхуш, юьртахь даьхначу аьхкенан довхачу денойн  лар юьтуш йоьду бералла. Воккха хилча бен ца хаьа иза мел хаза, мерза хан хиллера…

Кху деношкахь, бераллин уггаре хаза хан ерзош, доккхачу дуьнене хьалхара гIулчаш яха кечлуш, берийн бошмийн Iодика еш бу школин кханалера дешархой. Царах  ду Соьлжа-ГIаларчу №73 йолчу «Жайна» берийн бешара бераш а. Кху шарахь арахецнарг школина кечамбаран «Малх» тоба яра. Церан кхетош-кхиорхо яра Газиева Рулана. Шен болх дукхабезаш а, жоьпаллица дерриге а декхарш кхочушдеш а, берашца мотт бийца а, цаьрца кIеда-мерза хила хууш а белхахо ю иза. Цундела, берашна атта дацара масех шарахь шаьш лелийначу, дукхаезачу кхетош-кхиорхочух къаста. Руланина берех къаста хала хилар кхин хIумма  ца дийцича а, цуьнан бIаьрхиша а гойтура…

Бераша шайн кхетош-кхиорхочуьнца кечйина концертан программа гайтира. Цу юкъахь дара «Бизнесменийн хелхар», «Флешмоб», «БIеннаш шераш», «Ламанхой» хелхарш а, «Берийн беша тIехула кхокхарчий доьлху», «Берийн бешах къастар», «Iамор ду тхо школехь» эшарш а, дуккха а байташ а. Концерт ерзийначул тIаьхьа, берийн беш «чекхъяккхаран» хьокъехь тоьшалла деш долу дипломаш делира берашна. Кху шарахь №73 йолчу берийн бешара «арахецнарг» дерриге а 48 бер ду.

Цул тIаьхьа, берийн бешан заведующис Ахмадова Яхас Iодикаяран дешнаш аьлла,  безамна цхьаьна суьрташ дохуш, дерзийра берийн цIей.

 

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: