ХIунда карийнера нохчийн юкъараллехь терроризмана «бух»?..

Таханлера зама хаамийн технологийн кхиаран мур ларалуш белахь а, адамаша шайх тера роботаш ян йолийнехь а, тIурнене тайп-тайпанчу Iалашонийн кеманаш эхийтарх а, терроризмаца йоьзна йолу проблема денна а алсамйолуш санна хетало. Иза иштта ца хоьтийла а яц, хIунда аьлча, лаамехь а, лаамаза а хаамашка ладогIа охьахиинарг, цхьанхьа теракт йина аьлла хаам хазаза, наггахь бен гIоттур вац.

Ткъа хIун маьIна долуш ду терроризм боху дош?.. Терроризм – террорах пайдаэцаран некъаца дIахьош йолу политика ларалуш ю. Ткъа террор хIун ю – доцца, амма кхетам а, кхачам а болуш аьлча, иза – лаамца, цхана стага я тобано, кхинарг я кхинарш «кхерор» а, «лазор» а, «байъар» а ду. Массара а тIеэцна долу юридически-юкъараллин маьIна дац оцу дешнийн.

Делахь а, Россин Федерацин Уголовни кодексан 205-чу статьяс терроризм (террор а) маьршачу я даржашкарчу нехан дахарна а, могашаллина а лаамца кхерамаш тийсарца я зуламаш дарца юкъараллина кхерам тасаран а, пачхьалкхан а, меттигерчу Iедалан а, дуьненаюкъарчу организацийн а сацамашна Iаткъам баран а Iалашонца доьзна гIуллакх лору.

Террорах пайдаоьцучеран тайп-тайпана Iалашонаш (я декхарш) хила тарло: бахархойн я Iедалан бахам лачкъор, махкахь гIаттам я карчам бар, шина пачхьалкхана юкъа питана тасар я тIом баккхар, махках цхьа дакъа дIакъастор, Iедалан цIе бехъяр я йожор, и.дI.кх.а.

Терроризм масех декъе екъалуш ю:

  • Вовшахтохаллин бух боцу я цхьааллин – теракт цхьана-шина адамо еш ю (Засулич Вера, Брейвик Андерс, Каракозов Дмирий).
  • Вовшахтохараллин бух болу я коллективан – теракт яран план а, оцу декъехь мел оьшург вовшахтохарехь а дакъалоцу «организацеша» («Иблисан пачхьалкх», «Ирландин Республикин эскар», «Аль-Кайда»).

Иштта, мел тамашийна хеталохь а, шен Iалашонашка хьаьжжина а екъало терроризм:

  • Къоман – сепаратизман я къоман йозуш йоцу пачхьалкх кхолларан Iалашо.
  • Динан – тайп-тайпана динаш а, цхьана динан тайп-тайпана «некъаш» а лелочу адмаша вовшашца «тIом» а, ницкъ а бар.

Идеологин я социальни – мехкан экономикин я политикин система хийцаран, къаьсттинчу проблемина юкъараллин тидам тIебахийтаран Iалашо.

Дуьненан муьлххе маьIIехь санна, Нохчийчохь а, нохчийн халкъо а Iаьвшина терроризман бала. Делахь а, таханлерчу дийнахь, хIокху доккхачу дуьненахь, оцу баланах шен мохк дIацIанбан а, маьршабаккха а ницкъ кхаьчнарг цхьа нохчийн халкъ бен дац.

Ткъа муха нисделла иза?.. Нохчийчохь а ма йора иттех-ткъех шо хьалха цхьана дийна чохь иттех теракт. Йора… Оцу хIора а теракто масех стаг бакъдуьнена кхачавора я хIокху боьхачу, харцачу дуьненахь йисина хана меттахь яккха «декхарийла» вожавора. Царна юкъахь нохчий а, кхечу халкъийн векалш а, бераш а, кхиазхой а, къаной а, зударий а бара… И дерриге а дара… И дерриге гина а, Iаьвшина а ду нохчийн халкъ…

Амма, лакхахь билгал ма-даккхара, тахана оцу зуламах, Делан къинхетамца, шен мохк дIацIанбина нохчийн халкъо. Оцу некъа тIехь кхелхина Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн халкъан эзарнашкахь кIентий а, йоIарий а. ХIан-хIа, «халкъана оццул иэшам а хуьлуш баьккхинчу толамах дан хIума дуй?» боху ойла коьрте а ма йита…

Нохчийчохь яьржина хилла терроризм «къоман» я «сепаратизман» яцара – цхьа а вацара нохчийн халкъана цозуш йоцу пачхьалкх якхха кечвелла… И цхьаъ ду.

Нохчийчохь яьржина хилла терроризм «дина» а яцара – Нохчийчоь бусалбачу коман мохк белахь а, 3 бIешо хан ю кхузахь керистанийн дин лелочу халкъийн векалш а беха… И шиъ ду.

Яцара и терроризм я «идеологин» а, я «социальни» а – мел болу мохк саьлнашка божийначу нохчийн халкъах а, нохчийн махкарчу проблемех а дог лозуш вацара цхьа а… И кхоъ ду.

Бакъду, еш теракташ яра… Дийнахь итт, мел лахара а, еш… Саьлнашка эгориг нохчийн мохк а, хIаллакдийриг нохчийн халкъ а дара. Цу тIе, бехке дийриг а нохчийн халкъ дара…

Дог-цIена а, наха харцо йийца тарло бохург тIе ца дуьтуш а долчу нохчийн халкъана иттех шо ийшира ша Iехош хиларх а, шех «паспорт» а дина, ка мел йолучо ахчанаш а, мидалш а йохуш хиларх кхета… Амма, кхеттачул тIаьхьа, нохчийн юкъараллехь олуш ма-хиллара, «чан дIа-м тасийтира» цаьрга… Тасийтира бусалбанийн дин а хьехош, Нохчийчу «бусалбачу нохчийн халкъана бусалбанийн дин хьеха» а, дуьненахь шел майра цхьа а къам доцучу нохчийн къоман «мохк маьршабаккха» а баьхкинчаьрга.

Цундела, статьяна ас язйинчу «ХIунда карийнера нохчийн юкъараллехь терроризмана «бух»?..» цIарна-хаттарна жоп иштта ду – терроризмо пайдаэцнера нохчийн юкъараллин дог-цIеналлах а, тешамах а…

ХАСАХАНОВ Ислам

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: