Социальни сеташа а латтор бу терроризмаца къийсам

Терроризмаца маьршачу бахархоша а, юкъараллин организацеша а, лерринчу ведомствоша а, дийнна пачхьалкхаша а къийсам латтош хиларо цхьа а цец а, шек а ца воккхура. Амма иза хIинццалц дара. ХIинцачул тIаьхьа терроризмаца къийсам латторан новкъа социальни сеташ а евлла. Цо, ма-дарра аьлча, цец а, шек а воккху…

04b383ce0b970ec63062779d5321ef4f_2

«The Wall Street Journal» журнало хаам барехь, дерриге а дуьненахь а IT-н технологийн гиганташ лоруш йолчу компанийн барт хилла шайн сеташкахь терроризмаца цхьаьна къийсам латтон. Царна юкъахь ю Microsoft, Facebook, YouTube, Twitter, иштта цхьамогIа кхиерш.

Лакхахь билгалъяьхначу компанийн инженераша шайн компанешна цхьа бух болу хаамийн-кхерамазаллин платформа ю, террористийн контент схьакъастош йолу электронни алгоритмаш а кхуллур ю.

«Терроризм бакъ еш а, дIакхайкхош а йолчу контентана кестта меттиг хир яц тхан платформашкахь. Дерриге а тешна ду, и барт бар бахьана долуш, терроризмаца латточу къийсамехь тхаьш а мехала меттиг дIалоцург хиларх», – аьлла кхайкхам бина IT-н корпорацийн векалша оцу бартана леринчу коммюникехь.

ХIинцачул тIаьхьа терроризмаца доьзна долчу суьрташна а, видеошна а леррина йолу терахьийн билгалонаш хIиттор ю. И билгалонаш лерринчу терахьех лаьтташ хиларе терра, кхийолчу сервисашна а, социальни сеташна а атта хир ду шайн платформашкахь и контент схьалаха а, дIакъовла а.

«The Wall Street Journal» журнало билгалдаккхарехь, социальни сетийн терроризмана дуьхьалонна лерина йолу юкъара платформа 2017-чу шеран хьалхарчу шина-кхаа баттахь болх бан йолалур ю.

Платформа болх бан йолаяла бисинарг масех бутт белахь а, оцу хаамо жоп доцуш дитина цхьа хаттар: «Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь маьршачу бахархошна цунах гура-м хир бац те?..»

Оцу хаттарна жоп дала а, цу хьокъехь шайна хетарг довзийта а реза хилира масех жима стаг. Делахь а, бакъ ду, царах цхьанна а и хаам хезна бацара вайца къамел дечу муьрехь…

– Суна и хезна дац. Амма бакъ делахь, мехала гIуллакх хир ду иза, хIунда аьлча тахана терроризм социальни сетех а, цу чуьрчу пайдаэцархойх а «екхаш» ю, – элира Гикало поселке йоьду маршрутка схьаяре хьоьжуш лаьттачу Идигов Хьамзата. Цо дийцарехь, хаам ма-барра бевзаш ца хилча, цунах шена вуон тIеIаткъам хир бу ала ца хIутту иза.

Хьамзата дуьйцучунна тIе а тевжаш, цунах шена хила мегаш болчу вуочу балхах лаьцна дийцира цуьнан накъоста Дошуркаев Мухьаддис.

– Цхьа дика Iалашо йолуш болийна болх хир бу иза. Амма шаьш видеошна а, суьрташна а терроризмаца зIе йолуш ду-дац муха къастор ду ца довзийтина цара. Цунах со къаьхки хIинцале. Масала, ас карахь топ йолу сурт чухIоттур ду, ткъа церан платформо цунна терроризмаца зIе ю аьлла, билгало хIоттор ю. ТIаккха кхузарчу бакъонаш ларъярхойн коча оьхур бац олийла а ма дац, – бохура Мухьаддис.

Цу шимма дийцинчунна бIостанехьа дара республикин пачхьенерчу цхьана дешаран учрежденин студенткас Ельжуркаева Фатимас дина къамел.

– «Ларвелларг Дала а ларвина» – олуш ду вайн юкъараллехь. Цундела терроризмаца я экстремизмаца зIенаш тасаяларх я харц-новкъа валарх ларвала веза хIора а. Хьан цаьрца бала бацахь, церан хьоьца а хир бац бала. Цуьнца нийса а догIуш, хьан суьрташна а, видеошна а «терроризман» билгалонаш а хIиттор яц, бакъонаш ларъяран органаша хьоьга хIумма а бохур дац, – элира цо.

Фатимин къамел доца а, кхачам боллуш а дара.

Дала вуочух лар а бойла, ларбала кхетам а лойла вайн кегийрхошна!

И.АДАМОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: