Вайн Iер-дахарехь сагатдарш дукха долуш, сингаттаме зама ю вай дехарг. ХIора дийнахь бохург санна, телевиденехула а, радиохула а махкара а, махкал арахьара а хьал дуьйцуш хеза вайна дуьненан маьI-маьIIехь террористаша маьршачу адамийн дахар а дохош даккхий зуламаш дина, бохуш.
Кестта-кестта хаамийн гIирсашкахула а го вайна дайъина адамаш, йохийна гIишлош, иттанашкахь, бIеннашкахь лазийнарш… Хьуна хаьа а хууш дог лазадолу и къиза сурт гича.
«Ванах, адамо муха дийр ду ишттаниг?», – олий, дагадогIу. Ша адам ду бохучун, бусалба стеган, муххале а, дог ца Iовжош юьсур яц сел ирча къизалла.
Гинарг дагца литтинчул тIаьхьа ойла кхоллало: «Я Рабби, хIай Веза АллахI Дела, кийрахь детталуш адаман дог доцуш, ма къиза стаг хила веза оцу зуламна куьг ойъушверг!

Терроризман сингаттамаш алсамбийларо бIаьрла гойту вай ваьш дехачу, болх бечу меттехь чIогIа сема хила дезаш хилар.
Терроризм цIе йолу боьха дош вайн юкъараллина мелла а хердархьама хаддаза, кIад ца луш къахьега деза вай, тIекхуьуш болу кегийрхой оцу зуламах ларбаран Iалашонца. Дахаран масалшца гайта деза тIекхуьучу чкъурана терроризм хIокху доккхачу дуьнен тIехь, уггаре а боьхачех боьха зулам хилар. Лакхабаккха беза кегийчу нехан кхетам. Гайта деза терроризм вайн нохчийн къоман Iадаташца а, гIиллакхашца а йогIуш цахилар.
Оцу терроризман ун вайн юкъараллин дахарна кхераме хилар тидаме а эцна, арахьара вайна чудан хьийзош долу и доккха зулам юхатохарехь 2015–16-чуй шерашкахь «Искусствон, культурин белхахойн корматалла лакхаяккхаран дешаран методикийн туш» цIе йолчу корматаллин кхитIе а дешаран пачхьалкхан бюджетан урхалло жигарабаьккхина нахаца беш болу болх.
Оцу декъехь цо кеста-кеста мехала цхьаьнакхетарш вовшахтуху хьехархошца а, дешархошца а. Иштта, Гикало посёлкехь дIаяьхьира «Кегийрхой – дуьненан оьздангаллехьа а, терроризмана дуьхьал а» цIе йолу мероприяти.
Цигахь кегийчу бераша шайн амалш дIагайтира терроризм емалъеш дехкинчу дуккха а тайп-тайпанчу суьрташца; Чурт-ТогIехь хьехархошца а, берашца а цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин культурин министран хьехамча Эриханов Ризван-Хьаьжа юкъахь а волуш.
Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалецира, къамел а дира искусствон, культурин белхахойн корматалла лакхаяккхаран дешаран методикийн туьшан куьйгалхочо, поэта Саиев Iумара; Хьалха-Мартан кIоштан культурин цIийнехь хилира «Терроризм а, экстремизм а, таханлера зама а» цIе йолу цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалецира Эриханов Ризван-Хьаьжас, Саиев Iумара, Абубакаров Абусолтас, Сулиманова Зинас, кхечара.
Искусствон, культурин туьшана леринчу хIусамехь терроризман зуламечу тIаьхьенах лаьцна дуьйцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира, Искусствон, культурин белхахойн корматалла лакхаяккхаран дешаран методикийн туьшан а, Искусствон, культурин туьшан а, Органан пачхьалкхан историн-архитектурин Iаламан музей-заповедникан а белхахошца. Цигахь терроризмах шайна Iаьткъинарг дуьйцуш къамелаш дира Саиев Iумара, Асланбеков Iайндис, Джабраилов Сайд-Эмис, кхечара.
Вайн дахар даима а маьрша хилийтархьама, цуьнан хиндерг кхоларан марха йоцуш, ирсе хилийтархьама, тIейогIучу хенахь терроризмана дуьхьал шаьш бен болу болх кхин алсамбаккха Iалашо ю Искусствон, культурин белхахойн корматалла лакхаяккхаран дешаран методикийн туьшан методистийн.
САИЕВ Iумар