Дийцаре дира республикин юьртан бахам кхидIа а кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Россин Федерацин юьртан бахаман министраца Патрушев Дмитрийца.

Цара дийцаре дира вайн республикин агропромышленни комплекс кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш. Ша аьлча, къамел хилира регионан юьртан бахам кхиоран проекташна финансировани яран хьокъехь.

Юьйцуш ерш «Ярташкара меттигаш комплексехь кхиор» пачхьалкхан программина юкъайогIуш йолу проекташ ю.

М.Хучиевс Д.Патрушевн тидам тIебахийтира Нохчийчуьра яртийн меттигаш кхиоран программа кхочушъяран гурашкахь 4 проектана финансировани ярехь проблема хиларна.

«Тхуна доккхачу маьIне ду ярташкарчу меттигашна инженерни инфраструктурица а, социальни объекташца кхачояран гIуллакх, хIунда аьлча, и гIуллакх кхочушдарх доьзна ду оцу меттигашкахь адамаш дахийтар а, республикин юьртан бахаман дерриге а дакъа кхидIа кхиор а», – элира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела.

Цо дийцарехь, гIолоцур ду юкъара даьккхина хилла юьртбахаман хьаштийн 30 эзар гектар латта юха гIуллакхна юкъадалорна финансировани ярехь. И латтанаш юкъадалийча, дикка алсамдевр ду дуьйшлелош долу латтанаш.

Вайн премьер-министра дийцарехь, оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира вайна чIогIа мехала долу аренашка хиш дахкаран гIуллакх.

«Хиш дахкаран системина реконструкци яро таро лур ю агропромышленни комплекс хенан хIоттамах, Iаламан хьелех йоьзна хилар дуккха а лахдан. Герггарчу хенахь республикин юьртан бахаман министерствохь хьокъала йоллу проекташ хIиттор ю аренашка хиш дахкар меттахIитторан декъехь», – билгалдаьккхира Хучиев Муслима.

Цо аьлла ма-хиллара, цхьаьнакхетарехь йийцаре йина проекташ кхочушъяро аьтто бийр бу регионан агропромышленни комплекс кхидIа а кхиийна ца Iаш, ерриге экономика а кхион.

Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь Патрушев Дмитрийна вовзийтира Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель – юьртан бахаман министр Закриев ИбрахIим.

Республикин премьер-министра дIахаийтира Закриев ИбрахIиман белхан зеделлачо цунна федеральни министерствоца дика, гIуллакхаллин юкъаметтиг хилийта, болх дика дIабахьа таро лург хиларх ша тешна хилар.

Д.АНАДЕВ
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: