2020-чу шарахь некъан бохамашкахь лазийначеран а, кхелхинчеран а хьокъехь «РИА Новости» агентствос кечйина рейтинг харц лерина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас – хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада.

Цо тидам тӀебохуьйту оцу талламехь Нохчийчоь шозза хьахийна хиларна: цкъа, некъан бохамашкахь уггаре а кӀезиг лазийнарш (100 эзар адамна юкъахь) хиларца лидер санна а, шолгӀа, некъан бохамашкахь лазийначу 1 эзар вахархочунна юкъахь уггаре а дукха кхелхинарш а болуш, антилидер санна а.
Рейтингехь билгалдаьккхина карарчу шеран кхолламан (январь) а, товбецан (сентябрь) а муьрехь, хӀора а 100 эзар вахархо схьаэцча, царах 18 стаг некъан бохамашкахь лазийна хилар.
Иштта, некъан бохамашкахь лазийначу 1 эзар вахархочунна юкъахь 264 кхелхинарг а нисвелла – Россехь уггаре лакхара гайтам.
Дудаев Ахьмада билгалдаккхарехь, некъан бохамашкахь лазийначеран терахь республикехь уггаре а лахара ду, ткъа «РИА Новости» агентствос шен формулах пайдаэцар «ешархойн догойланашца гуш лаьтташехь хӀилла лелор» лара догӀу.
«Шен талламашкахь «РИА Новости» агентствос пайдаоьцу хӀокху кепарчу 70/(70+195)*1000=264 формулах, кхелхинарш 70 а, лазийнарш 195 а лоруш. Оцу формулца нисделла и терахь «Некъан бохамашкахь лазийначу 1 эзар вахархочунна юкъахь кхелхинарг» аьлла, довзийтина. Формула-м нийса ю, амма кхетам балор – нийса дац. Цунах «Некъан бохамашкахь лазийначу 1 эзар вахархочунна юкъахь кхелхинарг» а ца олуш, «Некъан бохаман тӀаьхьалонаш» ала догӀура аьлла хеташ ду тхо», – хаийтина министра.
Математика а юьйцуш, цуьнца цхьаьна, юккъехула шайн хӀилланаш лелор нийса цахиларх тешна ву Дудаев Ахьмад.
«Некъан бохамашкахь лазийнарш Нохчийн Республикехь Россин кхечу регионашкахьчул кӀезиг боллушехь, лакхахь хьахийначу формулах пайдаэцча, сурт бӀостанехьа хийцалуш ду», – билгалдоккху Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас – хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада «ИА REGNUM» агентстве ша дахьийтинчу кехатехь.
И.ИСЛАМОВ
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де