«Россин чемаш» конкурсехь Нохчийчуьра юьртабахаман сурсаташ хир ду

«Россин чемаш» цIе йолчу Ерригроссин конкурсехь дакъалаца ши заявка яхьийтина Нохчийн Республико. Кхачанан сурсатийн дуьххьарлера къоман конкурс ю иза, дакъалоцуш регионийн векалш а болуш.

Вайн республикин юьртан бахамехь аьлла ма-хиллара, дакъалацархошна юкъахь хьалхара бренд ю, шен кхиаран шина бIешеран истори йолу, минеральни хиш. Иштта, цунна юкъадогIу кхидолу муттанаш а.

ШолгIа бренд ю оцу конкурсехь дакъалаца юкъаяхийтина йолу «Нохчийн нехча». Иза лаккхара дикалла йолу, цIеначу шуьрех йина йолу, дуьненаюкъарчу Halal лехамашна жоп луш йолу нехча ю. Цунах ца тоьхна цхьана а тайпа искусственни ингредиент.

Конкурсан Iалашо ю хьаштахошна Россин массо а тайпа кхачанан сурсаташ, чемаш довзийтар, регионан кхачанан сурсатийн брендаш кхиоран таронаш, тIаьхьалонаш гайтар, ткъа иштта агропромышленни комплексан декъехь жимачу а, юккъерчу а бизнесехь болчу кхиамашна тидам тIебахийтар, Россин регионийн ярташкахь кхиаран керла меттигаш кхолларна гIо дар.

Конкурс онлайн рожехь беа муьрехь дIахьош ю. БархI номинацехула 22 финалист хоржур ву.

Цигахь дакъалаьцна ерриге а брендаш кхачанан сурсатийн регионийн брендийн гIолацаран а, кхиоран а гIуллакхийн цхьа дакъа хилла дIахIуьттур ю.

№89, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: