Ерригроссин «Хьун Iалашъер вай» акцин гурашкахь Нохчийн Республикехь бIе гергга Iожан синтарш дIадоьгIна Соьлжа-ГIалин дендрологин бешахь.
Керла йоьгIначу бешана, «ДоттагIаллин беш» аьлла, цIе тиллина.
Советийн Iедал долчу муьрехь дендробешахь 256 хIух долу дитташ а, кондарш а яра.
ТIемаш болчу муьрехь беш а йохийнера, дитташ кегдеш, бухадохуш. Дендрари меттахIотторан баккхий белхаш дIаболийра 2006-чу шеран хIутосург (май) баттахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца.
«Хьаннаш Iалашъяран а, меттахIитторан а гIуллакх тахана уггаре а мехалчех цхьаъ хилла дуьсуш ду. Нохчийчохь ламаст хилла дIахIоьттина «Хьун Iалашъер вай» акцехь дакъалацар. Воккхавевеш ду шо-шаре мел дели, оцу акцехь дакъалаца лууш берш, регионера хьун меттахIотторехь дакъалаца лууш берш алсамбовлуш хилар», – бохура Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министра Темирханов Сайд-Мохьмада.
Хь.САИДОВ
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де