Айдаев ЮшаI

Айдаев Юша1

Нохчийн Республикин Iилманийн Академин вице-президент, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин академик, Россин Iаламан Iилманийн Академин академик, филологин  Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин культурин сийлахь белхахо, Россин яздархойн союзан декъашхо, Россин журналистийн союзан декъашхо вара Айдаев ЮшаI.

 

Нохчийн меттан, литературин башха говзанча хиларе терра вайн республикехь дика вевзаш вара иза. Дешарехь, бечу балхахь, республикин юкъараллин дахарехь – массанхьа а дика цIе йоккхуш, боккха сий-ларам болуш вара.

Айдаев ЮшаI вина 1938-чу шеран 20-чу мартехь Нохчийн Республикерчу Йоккхачу АтагIахь. 1944-чу шеран 23-чу февралехь дерриге а нохчийн халкъаца цхьаьна махках ваьккхина, Казахстане вахийтира иза. 1947-чу  шарахь цигахь школе вахара. 1957-чу шарахь суьйренан школа чекхъяьккхира  цо. Оццу  шарахь,  республике  цIа а  веана, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультете деша вахара. 1962-чу шарахь, иза кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа, циггахь литературин хьехархо вина витира Ю.Айдаев. Оццу шарахь аспирантуре деша вахара.

Советски Эскарехь гIуллакх дина, тIаьхьалонан эпсар вара ЮшаI.

1967-чу шарахь аспирантура чекх а яьккхина, историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте балха вахара, цигахь 1976-гIа шо кхаччалц социологин, историн отделан заведующи вара иза.

1972-чу шарахь республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашка балха хьажийра. Юьхьанца цо «Ленинан некъ» газетан редакторан заместителан болх бира, ткъа, 1973-чу шеран январехь кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан редактор вахийтира. Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институтан Iилманан секретаран, секторийн заведующин белхаш бира. Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон коьрта редактор, цул тIаьхьа 1980-чу шарера 1990-чу шеран марте кхаччалц «Ленинан некъ» газетан редактор Iийра. Кхузахь цо публицистически а, республикин дахарх лаьцна а дуккха а статьяш язйира. Жигара дакъалецира Нохч-ГIалгIайчоьнан юкъараллин-политикин дахарехь, кхидIа а дIабаьхьира шен Iилманан-талламан болх.

Ю.Айдаев коьртехь а волуш, «Ленинан некъ» газетан коллективо кхиамца дIабаьхьира республикин куьйгалло хьалхахIиттош долу декхарш кхочушдарна къинхьегамхой  вовшахтохаран болх. Редактора ша нохчийн меттан, литературин Iилманча хиларе терра, дуккха а гIуллакхаш дира редакцин белхахойн  говзалла лакхаяккхарехь. Газетехь юкъаевлира керла рубрикаш, темаш. Зорбатухуш йолу статьяш чулацаме а, ешархойн еша догдоуьйтуш а хуьлура. ЮшаIа йоккха хазна юкъайиллира газетан болх тобарна.  Цул  тIаьхьа Ю.Айдаевс Нохч-ГIалгIайн Республикин Лакхарчу Советан  кьаьмнашна юккъерчу юкъаметтигийн отделан заведующин, дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан ректоран белхаш бира.

1992-гIа шо чекхдолуш Ю.Айдаев Москва балха дIавигира. Цигахь цо Россин Зорбанан комитетан  а, Россин Книгийн  палатин а, социальни программийн Iилманан-талламан институтан генеральни директоран хьалхарчу заместителан болх бира. Оццу шарахь шен дIадолорца болх бан волавелира иза Нохчийн энциклопеди тIехь. Оцу Iалашонца цо Россин Iаламан Iилманийн академехь йиллира «Къаьмнийн литературийн, энциклопедийн институт» ООО. Гулйинчу а, кечйинчу  материалех 1996-чу шарахь Москвахь арахийцира справочно-энциклопедически «Нохчий: истори а, карара зама а» книга.

Москвахь болх беш волуш, Ю.А.Айдаевс дакъалецира Россин, Жуьгтийн, Караимски,  Ханты-Мансийски, кхийолу а энциклопедеш кечъярехь, церан концепци а, методологи а хIотторехь. Оцу зеделлачо гIо дира цунна Нохчийн Республикин Iилманийн академехь Энциклопедин отдел схьаелла. ТIаьхьарчу хенахь Ю.Айдаев Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Указца йиллинчу Пачхьалкхан Iилманан «Нохчийн энциклопеди» туьшан куьйгалхо вара.

Академика Ю.А.Айдаевс хаддаза гIодора республикин къона кадраш кечъярехь. ЦхьамогIа монографеш, статьяш, гуларш язйина цо. Нохчийн литературах а, культурах а, исторех а лаьцна меттигерчу а, центральни а, дозанал  арахьарчу а зорбанехь араевлла цуьнан дуккха статьяш а, Iилманан кхин материалаш а. Царна юкъахь ю «Дахар а, дош а», «Дахаран куьзга», «Нохч-ГIалгIайн советски драматурги» монографеш, фольклоран «Нохчийн, гIалгIайн кицанаш, аларш» гулар, кхиерш а.

 

Оьзда, хьаша везаш, даггара тIеоьцуш хIусамнана яра ЮшаIан. Цо а, Маликас а кхиийна, лаккхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхна, дахаран новкъа ваьккхира кIант Анзор а, ши йоI Элита а, Элина а. ЧIогIа бертахь доьзал бара ЮшаIан. Боккхачу дегалазамца тIеийцира ЮшаIа Нохчийчохь хилла тIом. Оцу бохамо дина кхидолу зенаш ца дийцича а, цуьнан хIусамца, чуьрчу хIуманашца цхьаьна ягийра «Россин энциклопедина» гулйина материал. Иза Iилманчина материальни хилла ца Iаш,  моральни а доккха зен дара. «Вайн заманан ХХ-гIа бIешо нохчийн халкъан исторехь шатайпа бIешо ду, – яздора Ю.Айдаевс шен белхан программи тIехь. – Кхолламаш хуьйцучу дуккха а гIуллакхех доьзна ду иза. Дуккха а гIуллакхийн теш, дакъалацархо хиларе терра, оцу заманан гIуллакхаш гайта со декхарийлахь ву аьлла хета суна. Цуьнца доьзна масех шо ду «ХХ-чу бIешеран политически истори» язъян со материал гулъеш волу. Сан лехаршна а, планашна а  юкъахь ду иштта юьззина «Нохчийн литературин истори» язъяр а. Билгалдина ду публицистически а, беллетристически а, мемуарийн а белхаш бар а».

Амма халахеташ делахь а, оцу планашна кхочушхила доьгIна ца хиллера. Айдаев ЮшаI дIавелира шен кхоллараллин ницкъаш яккхийчу планех а, онддачу лаамах а буьзна болчу хенахь.

 

Амма шен кхоллараллин шерашкахь нохчийн мотт, литература, культура, журналистика кхиорна йоккха хазна юкъайилла кхиира  Iилманча, журналист Айдаев ЮшаI.

 

С.МАГОМАЕВ

 № 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: