Чоьхьара туризм кхиорна – коьрта тидам

Коронавирусан пандемис боккха эшам бина ерриге а пачхьалкхашкарчу туризмана а, бизнесана а. ДIакъовларан зила тIе хIиттина туристийн дуккха а объекташ: хьешацIенош, ресторанаш. Нохчийчоьнан туризмана тIехь а хааделла и хьал.

Оцу хьолехь чоьхьара туризм кхион езаш хиларх лаьцна дукхазза а дийцина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Дукха хан йоццуш хиллачу кхеташонехь цо Туризмехула йолчу министерствона тIедиллира керла туристийн маршруташ кечъяр, регионна чоьхьара туризме бахархойн хьашт кхолларан некъаш лахар. Цу декъехь беш болх бу.

Республикин туризмехула волчу министра Байтазиев Муслима дийцарехь, пандеми бахьанехь кхолладеллачу чолхечу хьелашкахь ведомствон болх буххера дуьйна хийца безаш нисделла.

Нагахь санна пачхьалкхан органаша гIо деш дацахьара, туризман декъехь болх беш болчу совдегарийн гIуллакхаш ледара хилла хир дара.

«Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикехь, хIара шо туризман шо ду аьлла, дIакхайкхийна дара. Делахь а, пандеми бахьана долуш, бIаьсте а, аьхкенан уггаре а жигара дакъа а эрна дIадахара. Туризман декъехь цхьа а хIума дан аьтто бацара. ДIасадахарна дозанаш деттар дIадаьлча тхо кхийтира адамаш Нохчийчухула некъаш гездан лууш хиларх. Дукха бара гIаш лаьмнашкахула лела лууш берш», – бохура министра.

Цо дийцарехь, вайн яккхий таронаш ю чоьхьара туризм кхион. Нахана гайта ширачу архитектурин башха гIишлош, хIолламаш бу вайн, исбаьхьа Iалам ду, садаIа меттигаш ю.

Оцу ниIматах ирс эца гена некъ бан а ца беза – Соьлжа-ГIалина 30–40 километр гена бен ваха а ца веза.

Иштта, министра хаам бира дуьненахь а, Россехь а уггаре а яккхийчех цхьаъ йолчу ANEX Tour и TUI туроператоршца цхьаьна гIуллакхаш дан барт бина хиларан хьокъехь а.

№89, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: