Невран кӀоштарчу Ищерскехь 4 эзар сов стаг ву Iаш. Юьртахь йолу ший а школа кхачаме яцара. Бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а доьзна, карарчу хенахь къоман «Дешар» проектан гурашкахь керла школа ю юьртахь еш.

Кхо гIат а долуш, библиотека а, кхачанан чоь а, иштта, йоккха спортзал а йолуш, 480 дешархочунна лерина ю иза.
КӀоштан администрацин пресс-службо дийцарехь, гӀишлошъярхой, бух а, арара пенаш а доьттина бевлла, карарчу хенахь чуьра пенаш доттаран белхаш дӀахьош бу уьш. ХӀоттийначу планаца, дикаллина хуьлуш эшам а боцуш, дика ларош бу белхалой.
ГӀуллакх кхин галдалар ца хилахь, тӀедогӀучу 2021-чу шеран хьалхарчу эхашарахь йина яла езаш ю школа.
Керлачу школехь хIора а класс, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачо йина хир ю.
МУСЛИМОВ Абу
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де