Со гIеххьачул цецваьллера дуьненахь а гIараваьллачу Iамерикан классико Эрнест Хэмингуэйс язйина «Старик и море» цIе йолу повесть нохчийн матте гочйина сайга кхаьчча: делахь-хIета болуш бу-кх хIинца а нохчашна юкъахь дуьненан литературе безам а болуш, иза йовза а евзаш, иза книгашъешархошка дIакхачо лаам а болуш болу яздархой а, гочдархой а.
ЦIе яьккхина произведени ца евзаш, къаьсттина филологин говзалла караерзийна вайн хьалхара чкъор, наггахь бен стаг хир вац. Делахь а, «Старик и море» нохчийн матте гочйина филологин Iилманан кандидата Альбеков Нурвадис. ХIунда, хIун Iалашо йолуш? Моттарехь, тахана вайна массарна а бицлуш лаьттачу нохчийн маттахь и еша а ца гIерташ, атта дацара вайна дика хуучу оьрсийн маттахь иза еша?
Оцу вай хIоттийначу хаттарна жоп далале, мелла а саца лаьа суна дуьненан литературин цхьайолу произведенеш нохчийн матте гочъяран истори тIехь. Хууш ма-хиллара, нохчийн йозанан мотт а, цуьнца йоьзна йозанан литература а кхоллаелла XX-чу бIешеран 20-гIа шераш дуьйлалуш. Ткъа йозанан литературин меттан хазнаш гулъян а, шоръян а гIеххьа шераш дийзира нохчийн хьалхарчу яздархошна. Амма дукха ца Iийра уьш оцу хьоле ладоьгIуш: кхоллаелла нийсса итт шо даьлча, нохчийн литературо, аьлча а, яздархоша боккха тидам тIебахийтира уггаре а хьалха оьрсийн классически литературин произведенеш нохчийн матте гочъярна. Масала, 1939-чу шарахь, А.С.Пушкин дуэлехь вийна шо кхочуш, нохчийн книжни издательствос арахийцира цуьнан стихийн, поэмийн йоккха том. Цунна яздинчу хьалхарчу дашца оцу хенахь а гIараваьлла волчу нохчийн поэта, лакхарчу даржехь волчу куьйгалхочо Мамакаев Мохьмада элира: «Нохчийн книгашъешархошна тахана дуьххьара девзаш ду Пушкинан исбаьхьа а, нуьцкъала а, паргIато езаш хилла долу а дош. Вайн декхар ду и дош халкъе дIакхачор, хIунда аьлча и дош вайн культура кхиош вайна пайдехь ду…»
Дукха ю оцу хенахь нохчийн матте гочйина оьрсийн, дозанал арахьарчу литературийн произведенеш. Кхузахь вайн Iалашо уьш йийцар яц, амма оцу хенахь къоначу нохчийн литературин бухбиллархоша гочйина М.Ю. Лермонтовн кхоллараллин цIе ца йоккхуш Iен йиш яц сан.
1938-чу шарахь буьйлабелла хIетахь къона хилла, амма шайн доккхачу похIмица нохчийн къона поэзи ерригсоюзни книгашъешархошна йовзийтина болу поэташ. Мамакаев Iаьрбис, Музаев Нурдина, тIаьхьо – 10-15 шо даьлча Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Сулаев Мохьмада, Саидов Билала, Эдилов Хасмохьмада М.Ю. Лермонтовн, оьрсийн кхиболчу поэтийн кхолларалла нохчийн маттахь екийтархьама бинчу белхаша кIаргбира, шорбира нохчийн поэзин мотт, церан идейни а, исбаьхьаллин а лехамаш.
Кхузахь ала дезаш кхин цхьа хIума а ду: XX-чу бIешеран 20–30-чуй шерашкахь нохчийн халкъана оьрсийн мотт дика цахааро таро ца хуьлуьйтура оьрсийн литература оьрсийн маттахь еша. Цундела шайн граждански декхар лорура хIетахьлерчу нохчийн къоначу поэташа оьрсийн а, дуьненан а литература шайн халкъана йовзийтар. Иза йовза а евзира церан дукхах долу гочдарш школийн дешаран книгашна юкъадахар бахьана долуш. Иза яхь йолчу яздархоша бина болх бара, шайн лаамца бина болх.
ТIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь, хьалха санна, боккха тидам тIехь ца латтабо нохчийн яздархоша кхечу литературийн хазнаш нохчийн матте гочъеш бечу балхана. Оцу бахьанех кхета хала дац: хIинца оьрсийн мотт массарна а Iаламат дика хаьа, дуьненан литературийн произведенеш книгашъешархоша оьрсийн маттахь йоьшу.
Ткъа хьал иштта доллушехь, Альбеков Нурвадис вайна нохчийн маттахь йовзийтина Э.Хэмингуэйн «Воккха стаг а, хIорд а» повесть. ХIунда, хIун Iалашо йолуш гочйина цо дуьненахь вевзаш волчу классикан и произведени? Цуьнан-м кхин дуккха а ма ю шайн чулацамца вайна, книгашъешархошна, нохчийн маттахь еша мегаш а, ешча боккха пайда хинболу произведенеш. Цо язйина 11 роман, дуккха а повесташ, дийцарш. Цунна, яздархочунна, делла Нобелевски совгIат (1952). «The old man and the sea» повесть цо язйина 1952-чу шарахь.
Ткъа хIун бахьана дара-те Альбеков Нурвадис оцу яздархочун произведенешна юкъара и повесть харжаран. Иза, суна хетарехь, дозуш ду оцу повестан чулацаман философих. Повестан чулацам чолхе бац: хIорда йистехь бехаш болчу наха бIешерашкара дуьйна схьа шайна рицкъа даккхархьама хIордачуьра чIерий лоьцу. И болх атта а бац, доьналла а, майралла а оьшуш болх бу иза. Цкъа-цкъа нисло гIикх тIехь (лодка) хIордачуьра чIерий даха бахнарш, де-буьйса а, кхин а алсам хан йоккхий а, цIа боьрзуш.
… Цхьана дийнахь шеца башха кхиъна вацахь а, гIо-накъосталла далла волу кIант ца воуьйтуш, ша аравелира воккха стаг хIордан пийсакашца (весло) лелочу гIикха тIехь.
Цхьа а чIара а ца лоцуш, дукха гена дIаваханчу воккхачу стеган лесканах (чIара лоцуш йолу тIийриг) Iаламат боккха чIара а тасабелла, иза гIикх тIе озо а я хьалабаккха а ницкъ ца тоьуш, гIикх гена хIорда тIехула дIаийзочу оцу чIераца къийсавалар ю «Воккха стаг а, хIорд а» повестан сюжет ястаяларан цхьа агIо. ТIаьххьара а, кхано буьйса юккъе яхча, гIикх дIаса идо чIара кIадбелча, иза хала а, атта а, шен кхачош лаьтта гIора тIе а дахийтина, гIикх тIе хьалабаккха дукха боккха а, беха а хилла, иза гIикхах дIабихкира воккхачу стага, иза хичохь боллушехь. Эццахь тIехIитта йолаелира воккхачу стагана инзаре яккхий халонаш: цо коьртах пийсак тоьхна тентакбаьккхинчу чIерана тIекхийсаяла йолаелира цул а даккхийчу чIерийн арданг, дIабихкина чIара бууш. Иза дилхехь боллучуьра цIа кхачо безаш бара. Цундела оцу ардангаца тIом бан волавелира воккха стаг, шегахь боцучу ницкъаца, доцучу герзаца: цхьа урс, ши пийсак дара цуьнан герз. ТIаьххьара а цIа-м кхечира воккха стаг, ткъа цо гIикхан дохалла дIабихкинчу чIерах цуьнан дегIан гIаддий, коьртан даьIахкашший бен кхин хIума ца йисинера.
«Воккха стаг а, хIорд а» повестан маьIна, цуьнан сюжете хьаьжча, мелла а цхьалха хетахь а, Iаламат чолхе а, философин чулацам болуш а ду. Буьйса а йоьлла, хIордан хи тIехь ша а висина, шен рицкъанна араваьлла волчу цуьнан оцу Iаламан ницкъаца къийса дезар иза ду повестан философин маьIна. Мила тоьлар ву оцу къийсамехь? Стаг я Iалам? Стеган доьналла, цуьнан дахаре болу безам, иза муьлхха а хало тIехIоттарх воха везаш цахилар иза дац ткъа хIетахь а, хIинца а стеган дахаран коьрта маьIна? «Воккха стаг а, хIорд а» повесть дуьненан литературехь шен къаьсттина меттиг дIалоцуш ю коьртачу турпалхочо ша шеца дечу къамело (внутренний монолог) цуьнан дог-ойла, лехамаш, Iалашонаш, лаьттачу хьолан цо мах хадор, и. дI. кхиболу цуьнан деган лехамаш бовзийтарца.
«Теория художественного перевода» цIе а йолуш, Iилманан цхьа агIо ю. Цуьнан коьрта маьIна иштта нисло: цхьана маттера кхечу матте гочъеш йолчу произведенин чулацам авторо ма-нисбарра кхочу дешархошка, нагахь санна гочдархочунна авторан мотт хууш белахь. Ткъа авторан маттера цхьана матте гочйина произведени кхечу матте яккхар «язык-посредник» маттаца а, чулацамца а массо а хенахь оьшуш нисло. «Воккха стаг а, хIорд а» Эрнест Хэмингуэйс ингалсан маттахь язйина. Оцу маттера нохчийн матте яьккхина Альбеков Нурвадис и чIогIа тамашийна чулацам болу повесть. Оцу шен балха тIехь Нурвадис гайтина шена ингалсан мотт кIорггера хаар, иштта кIорггера нохчийн мотт хаар а. Нурвади меттан Iилманча а, филологин Iилманийн кандидат а ву. Iилманча, гочдархо, накъост. ТIейогIучу хенахь а цуьнан баккхий кхиамаш хуьлийла лаьа вайна.
Туркаев Хьасан
профессор, филологин Iилманийн доктор,
Москва г1ала
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо