Россехь а уггаре а къоначарах йолу Курчалой гIала кхуьуш а, хазлуш а ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь Курчалойн кIоштахь хилира. Иза хьаьжира кхузахь дина довлуш долчу дукхагIаьтнийн цIеношка.

Кхузахь, Курчалой гIали юккъехь, дина довлуш ду исс гIат долу шиъ а, бархI гIат долу диъ а, вархI гIат долу кхоъ а цIа. Оцу цIеношкахь 264 хIусам ю. ГIишлойн оцу комплексана юкъайогIу махлелоран а, офисийн а гIишлош. ХIинцале тойина, хазйина, къагийна дIахIоттийна комплексана гонахара меттигаш.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, уггаре а тоьлла хьелаш кхоьллина кхузахь ерриге а бегIийлаш йолуш Iерна-дахарна.

ХIокху башхачу гIишлошна юххехь мини-футболах ловзаран ши майда йина, берашна ловза ши майда йина. ГIаш волавала луучунна, гIашлойн хаза некъаш дехкина.

Оцу комплексе а, гонахарчу меттигашка а хьожуш чекхволучу хенахь, регионан Куьйгалхочо билгалдехира бераш ловза йинчу меттигашкахь кхин а аьхна хилийта дича бакъахьа хир долу кIеззиг гIуллакхаш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира исбаьхьачу, кхузаманан дукхахIусамийн цIеноша Курчалойн юкъ хазйина, къагийна дIахIотториг хилар.

«Россехь а уггаре а къоначарах цхьаъ йолу Курчалой гIала сихачу боларшца кхуьуш а, хазлуш а ю. ХIокху аьхка вай кхузахь схьайиллира мехала социальни объекташ. Дарбанаш даран-диагностикин керла корпус схьайиллира Курчалойн кIоштан коьртачу больницехь. Иштта, схьайиллира культурин а, искусствон а туш. Хьалха вай хийцира гIалина юккъера дакъа, иза керлачу суьрте дерзош, куьце далош. Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах долу Курчалойра рузбанан маьждиг хаздина, тодина дIахIоттийра. Боккха болх бира коммуникацеш хуьйцуш. ХIусамийн керла комплекс, школа, берийн бошмаш, базар хIотто меттиг йира. Со тешна ву, шо-шаре мел дели а, Курчалой дикачу агIор хийцалург хиларх, иза тIеттIа бIаьрла хуьлуш дIахIуттург хиларх. Вай кхидIа а болх бийр бу иза вайн республикехь хьовха, ерриге Россехь а уггаре а аьхна, хаза, Iерна-дахарна бегIийла гIала а йина дIахIотторехьа», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте йолчу шен агIонехь.

ГIала иштта сиха кхуьуш, хазъелла дIахIуттуш хилар вайн дерриге а халкъана боккха юьхькIам бу.

Д.АНАДЕВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: