Майртуьпара керла маьждиг схьадоьллур ду пIераскандийнахь

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Майртуьпахь динчу керлачу маьждигехь хилира. Иза доккха, исбаьхьа маьждиг ду, жамаIатехь 5 000 стаге ламазаш далур долуш.

Кадыров Рамзана дийцарехь, кхузара Делан цIа дина даьлла, герггарчу пIераскандийнахь иза схьа а доьллур ду.

«Маьждиго йийсар во шен архитектурин башхаллица а, чохь динчу куьцашца а. Иза ламасталлин Бухарин хотIехь дина ду», – яздина ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Маьждиг Мусаев Тамерланан цIарах ду. Иза дIадаханчу шарахь бохамехь кхелхина.

«Мусаев Тамерлан нохчийн халкъан, бусалба умматан, вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан зовкхан дуьхьа хьанал, доггаха къахьоьгуш стаг вара. Вайна тIехь ду и санна болчу турпалхойн хьокъехь тIекхуьучу тIаьхьенашна дийцар, уьш бовзийтар, иэсехь латтабайтар», – элира Кадыров Рамзана.

Иштта, вайн республикин Куьйгалхо хилира Ахьмад-Юьртахь деш долчу маьждигехь а. Иза Кадыров Турпал-Iелин цIарах хир долуш ду. Шела шахьарахь долчу Европехь а уггаре а доккха долчу «Бусулбанийн дозалла» маьждиган жимйина копи хир ю маьждиг.

Карарчу хенахь говзанчаша чекхдоккхуш ду каркас вовшахтасар. Кестта дIаболор бу маьждиг хьаладоттаран белхаш.

200 стеган цхьаьна – жамаIатехь ламаз дан аьтто болуш хир ду маьждиг.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо резахилира шина а маьждигехь белхаш беш болчу гIишлошъярхойн а, говзанчийн а хьуьнаречу къинхьегамна.

Царна баркалла элира цо, хьанал, сиха, лаккхарчу дикаллица белхаш барна.

Баккъал а, доккха хIума а, ниIмат а ду вайн республикехь АллахIан хIусамаш денна бохург санна алсамйовлуш хилар.

Дала царах ирс эцар лойла вайна!

Д.ПАШАЕВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: