ГӀаланашкахь аьхна хьелаш кхолларан Ерригроссин конкурсехь толам баьккхинчу нохчийн шина гӀалахь, тӀедогӀучу шарахь, дӀаболор бу керла садаӀаран майданаш яран белхаш.

Юьйцуш йолу ши гӀала Шела а, Курчалой а ю.
Масала, Шелахь хьалха базар лаьттина меттиг ю, садаӀаран майда ян билгалйинарг. Шина декъе екъа а екъна, «селхане» а, «тахане» а цхьаьна а хоттайолуьйтучу кепехь хир ю керла садаӀаран майда.
Ткъа Курчалойхь кхин проект кхочушйийр ю: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу проспектера юкъараллин майданаш куьце ялор ю».
Проектаца нийса а догӀуш, цигахь скейт-парк а, ловзарийн майданаш а, дечигийн лабанаш а, охьаховша гӀанташ а хир ду.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос дийцарехь, оцу белхашна къастийнарг 180 млн. гергга сом ахча ду.
КАНТАЕВ Абу
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де