Вайн хьаннашка кхин а 100 сай дIахецна

Республикин Iаламе кхин а 100 сай дIахецна хIокху деношкахь.

Нохчийчоьнан таллархойн бахаман урхаллин куьйгалхочо Эдильгиреев Хьамзата дийцарехь, и башха дийнаташ Курчалойн кIоштарчу хьаннашка дIахецна.

Кхул хьалха лаьмнашкахь йолчу Бенахь Iаламе дIахийцира архараш (муфлонаш). Цигарчу хьаннашна юкъахецнарг 100 архар яра.

Иштта, Нажи-Юьртарчу хьаннашкара хьехаш (тур) 200 алсамъевлла. Уьш хIинцале Iаламах дIайоьлла.

Герггарчу хенахь кхуза якаш яло дагахь бу таллархойн бахаман куьйгалхой.

Цул сов, вайн республикерчу хьаннашка дIахоьцур бу 2 000 сов сай.

Оцу дерриге а дийнатийн леррина терго йийр ю, уьш дика Iалаш а дийр ду таллархойн бахаман белхахоша а, говзанчаша а.

Хь.САИДОВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: