Доха гергадаханчу цIенойн метта керланаш дарна кхитIе а 280 млн. ₽ гергга ахча лур ду

Федеральни бюджетера кхитIе а 279,9 миллион сом ахча лур ду Нохчийн Республикина доха гергадаханчу цIенойн метта керла цIенош дарна. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Газалапов Ахьмада.

Дуьйцучу гIуллакхна ахча лур ду «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман проект а, «Чохь Iан мегар йоцчу хIусамийн фонд тешам боллуш лахъярна кхачояр» федеральни проект а кхочушъяран гурашкахь.

А.Газалаповс дийцарехь, кхитIе а ахча далар бахьана долуш, регионан аьтто хир бу йоха гергаяханчу хIусамашкара 302 стаг дIакхалхо. Цу тайппана, шо чекхдалале, Соьлжа-ГIалара а, Гуьмсан а, Шелковски а кIошташкара а йоха гергаяхана 7 эзар м² хIусамаш дIаяха таро хир ю.

«ХIокху шарахь вайн республико тIехкхочушйина керлачу хIусамашка нах дIакхалхоран программа. Керлачу хIусамашка дIакхалхийна 757 стаг. Министерствос барт бина «ЖКХ-на реформаш яран гIолацаран фонд» Госкорпорацица. Оцу бартаца нийса а догIуш, кхитIе а харжаш къастор ю программа кхочушъярна», – элира цо.

Чохь Iан мегар йоцчу хIусамашкара нах керлачу хIусамашка дIакхалхоран гIуллакх графикал хьалха чекхдоккхуш ду.

Программин шина шеран дакъа чекхдаккхаран хьокъехь бина тIелацамаш кхочушбина вайн регионо.

№90, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: