Къар ца велла Iали

Дали-тогIи олуш меттиг ю ТIехьа-Мартан районерчу ШаIми-Юьртахь. Цхьана агIор, Iас хин таьIначу бердаца къаьста бIешерахь даьхна, хIинца ширделла, къанделла, цундела морзгалмоьнех дуьзна дитташ. Марта хин бердаца го мелла а уьшал лаьттинчохь нийсса ирхъяхана шач а, цунна юкъахь техка наг-наггахь кIунзал баьлча санна томареш а.

Ширачу заманчохь, хIинцачул дезткъа бIе шо хьалха, тхан баккхийчара дийцарехь, луьра меттиг лоруш хилла Дали-тогIи. Буьйсанна хьовха, дийнахь а стаг ша цхьаъ ваха тешаме лоруш ца хилла. Сахиллалц берзалойн угIар а, чагIалкхаш цIийзар а хезаш хилла цигара, ткъа дийнахь-м текхаргаш а, латта охкуш нелаш а, уьшлахь керчаш унтIапхьидаш а хуьлу олура. Дийнахь-м дуьйцийла а яцара, буьйсанна а цига ваха ваьхьаш цхьа жима стаг – Iади кIант Iали хилла.

– Цул кегийнаш а, цуьнан хенарнаш а цунах тера хила лууш бара, – дагалоьцу тхан юьртахочо, яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада.– Сан дейишин кIант вара иза. Алссам даьхни леладора Iалин дас Iадис. Амма зама луьра хиларе терра, жимма а даьхница, ялтица совваьллийла хиъча, «кулак» ван кийча дара советан Iедал. Цундела шайн даьхни дукха хьолахь оцу тогIи чохь дажадора Iалис. Лекхачу дегIахь, шуьйра белшаш йолуш, товш кIант хилла иза. Балхах къехкаш вацара цкъа а. Хьуьнхахь дуьйш-дерзош масех ирзу хуьлура цуьнан. Башха хорбазаш, пастанаш кхиайора. Царах хьулам бой а ца Iара. Юьртахошна комаьрша дIайоькъура уьш. Духар диканиг лелош вара. Башха кечлой юьрта юккъехула волалуш хазахетара цунна. Ткъа тхо, кегийнаш, даима а цунах тера хила лууш хуьлура…

Замано хийцина тогIин сибат. Башха хаза хуьлу иза Iуьйранна малх схьакхеташ хьалхарчу зIаьнарша къагийча а, суьйранна и чубуза бегийна сихха охьакерчачу хенахь а. Ткъа мел исбаьхьа лепа уьш, кхо хи – лакхахь цхьаьнакхетта Iас, Марта вовшахъийна, бартхиллачу хенахь царах Шалаж д1акхетачу меттехь!

Шайн-шайн некъашца дагIахь а, цхьаьна лаьмнашкара догIу Iас а, Марта а, Шалаж а вовшашна кар-мара хьаьрчий лахарчу хоршахь цхьаъ хуьлу меттиг мел хьежарх а кIорда ца йо. Хьоьжучунна шера хаьа, кхузахь масех хин къайле юйла, гуш хиларна, хьо цунна тIаьхьа кхиъна аьлла а хета, амма дуьненан духе ца кхиаре терра, ца кхуьу хьо цуьнан духе а. Хьуна го-кх, амма ца евза-кх…

ХотIана а, басана а шина тайпана къаьста хи. Iас-Марта даьржина, оьгIазе, тем байна, Iаьржачу букъаршца, бурошца хьийза. Шалаж, можачу лаьттан басахь, парггIат, харш дIалаьцна догIу. ГIамаршца, саз-латтаца дикка цхьаьна кхехка уьш. Жимма лахахь цхьаъ хуьлий дIадоьддушехь, шаьш вовшахкхетачу меттехь, бIеннаш эзарнаш шераш хьалха санна, вовшах ца элуш, «тIом» латтабо цара.

Ткъа и кхо хи цхьа г1ад хуьлий Соьлжах дIакхетачу хенахь муьлха хи хуьлу-те? Iас, Марта, Шалаж? Цуьнан ойла йиний-те кху берда йистехь хийла лаьттина хир волчу Iалис? Хаа йиш яц-кх, цунна хIун жоп карийна…

1941-чу шеран июнь баттахь, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь, шен лаамца тIаме вахара шаIмиюьртахо Кадиров Iали. Иза 11-чу Кировоградски ЦIечу Байракхан артиллерийски дивизин зIе латточу 446-чу полке кхечира.

Цуьнан тIеман накъост хиллачу А.Герихановс дийцинера, майраллица, доьналлица, гIиллакх-оьздангаллица гIараваьлла Iали, шайн полкехь массарна а дукхавезара, бохуш. Дукхазза а нислора, ца хеддаш деттачу мостагIчун герзо, гезган машанах санна, зIенан серах «цаца» беш. ХIоразза а текхий, лаьттах дIаоьй, воьдий, зIе меттахIоттайора Iалис.

1944-чу шеран аьхка, вайн эскарш Яссо-Кишиневн тIамна кечлуш дара. Разведко беанчу хаамца, мостагIий а бара оццу тIамна дукха лерина кечлуш. Ишттачохь толамна ца хеддаш штабаца зIе оьшура. Амма хIуьттаренна санна, иза хаьддера. Взводан командир волчу лейтенанта Сидоровс, бIаьхочуьнга Каратаевга омра дира, зIе меттахIоттае, аьлла. Шен фамили хезча, юьхь тIехь хийцавеллачу бIаьхочуьнгара халла делира «Есть».

Бехк бацара. Хала тIедиллар дара кхочушдан дезарг. ХIоьттинчу тийналлехь:

– Накъост командир, вистхила пурба лохьа, – дийкира Кадировн аз.

– Пурба ло, – ша аьллачунна Iали юкъагIортарна, резавоцуш хазийра Сидоровс.

– Каратаев къона ву. Ишттачу жоьпаллин гIуллакхна зеделларг а кIезиг ду цуьнан. Соьга кхочушдайтахьа и омра, – дийхира Iалис.

Коьртера когашка кхаччалц, вогIавелла лаьттачу къоначу салтичуьнга хьаьжира командир. Жимма хьем бина, Iалин белша тIе куьг диллина:

– Хьан майраллех шеко яцара сан цкъа а, – элира Сидоровс Iалин бIаьргаш чу а хьожуш, – амма иштта дог кIеда хьо вуйла ца хаьара суна. И гIуллакх кхочушдар хьуна тIедуьллу ас. Баркалла хьуна, нохчи!

ОхьатаьIна, окопа чуьра аравелира Iали. Аьтто куьйга зIенан сара а лаьцна, хьалхахьа дIаведира. Цхьа минот, шиъ, масех… Хье ца луш, Iали волчу агIор догIа санна, тIейилхира мостагIчун минометаш. Масийттазза а хьоьжучеран бIаьргашна гучуьра вовра Iали, тIаккха, дог диллинчу хенахь, лаьттах хьалаваьлча санна, ведда воьдуш гора. Ткъех минот а ялале штабера зIе болх бан йолаелира. Кхин оццул хан яьлча, Iали дийна юхавеана баккхийбечу шен накъостийн марахь вара кIант. Амма окопа чуьра араволуш ца тосаелла гиччойн сиралла лепара кIентан лергашна уллохь…

Къармаза Iали тIеман совгIатна хьалхатеттира командира, бакъду, куьйгалло чекх ца ялийтира цуьнан фамили. Дукха хан йоццуш, халкъан мостагI аьлла цIе кхоьллина, махкахдаьккхинчу нохчийн къоман векал вара иза.

Даймехкан тIом чаккхене бирзинера. Венгрин латта мостагIчух дIацIандеш догIура вайн эскарш. Шен эшамна бIаьрзвеллачу мостагIчо болатан чIагIонан гуолаьцнера вайн дошлойн цхьана полкана. И гуо хадор тIедиллира Iали юккъехь волчу артиллерин дивизина. Операцин куьйгаллехь вара Советски Созан шозза Турпалхо, маршал Тимошенко Семен.

Артиллерис дикка «болх» бинчул тIаьхьа, чухецабелира дошлой. ХIорамма а валар-висар къасточу луьрачу тIамехь куьйгаллина а, бIаьхьаллин накъосташна а майраллица билгалваьллера Iали.

Венгрин лаьтта т1ехь турпалаллин Iожалла карийра цунна.

 

Т.САРАЛИЕВА

№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: