Iилма Iаморан зеран мур

Дешаран дукхах йолчу заведенешкахь санна, Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетехь а дIаболабелла жоьпаллин мур. Иза боьзна бу дийнна шарахь Iамийначу Iилманийн жамIаш деш йолу аьхкенан сесси дIайолалуш хиларца. Дешар Iаморан ражца нийса а догIуш, исламан университетехь аьхкенан сесси 2-чу июнехь дIайолалур ю. Иза чекхъер ю оцу беттан 24-чу дийнахь.

– Оцу мехалчу гIуллакхана лаккхарчу жоьпаллица тIебахана тхан берриге а хьехархой а, ткъа иштта цара Iилма Iамош болу студенташ-мутаIеламаш а, – элира университетан ректора Мутушев Iабдурахьима. – Сесси тIекхачале хьалха оха 21-чу майхь дуьйна дIахьош ду зачеташ дIаяларан кIира. Иза 31-чу майхь дерзор ду оха. ХIинцале а билгалдаьлла тхан студенташ шайна хьалха лаьттачу зерех чекхбовла кийча хилар. Дукхах болчу студенташа шайгара дика хаарш гойту.

ХIокху шарахь хIинца шолгIа арахоьцур бу шариIатан Iилманийн факультетан студенташ. «Исламан бакъо» кафедрин хьехархоша а, говзанчаша  а хIинцале кечйина дешна бовлучаьрга дипломан белхаш язбайтарна лерина тематика. ШариIатан Iилманийн факультетан студенташа цкъа хьалха пачхьалкхан экзаменаш дIалур ю. Уьш кхиамца дIаеллачул тIаьхьа, июнь бутт чекхболуш, дIадолор ду дипломан белхаш чIагIбар. Иза дерриге а хьесапе а эцна, тахана Iаьвшшина кечамаш беш, шаьш хьалха Iамийнарг карладоккхуш, Iамоза дисинарг Iамош бу студенташ. Царна оьшучунна тIехь гIодеш бу хьехархой. Дала аьтто бойла церан!

Вайн халкъана чIогIа оьшуш бу кху чолхечу заманахь бусалба дин, шариIат, тIарикъат, суфизм кIорггера евзаш болу Iеламнах. Уьш кечбеш болу беркате кхерч бу Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет. Цундела университетан куьйгалло, Iеламнаха шайн ницкъ кхочург до къоначарна  мелла а алсам  Iилма  Iаморехь, уьш гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк, къинхетам болуш кхетош-кхиорехь.

 

С.ХАМЗАТОВДешаран дукхах йолчу заведенешкахь санна, Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетехь а дIаболабелла жоьпаллин мур. Иза боьзна бу дийнна шарахь Iамийначу Iилманийн жамIаш деш йолу аьхкенан сесси дIайолалуш хиларца. Дешар Iаморан ражца нийса а догIуш, исламан университетехь аьхкенан сесси 2-чу июнехь дIайолалур ю. Иза чекхъер ю оцу беттан 24-чу дийнахь.

– Оцу мехалчу гIуллакхана лаккхарчу жоьпаллица тIебахана тхан берриге а хьехархой а, ткъа иштта цара Iилма Iамош болу студенташ-мутаIеламаш а, – элира университетан ректора Мутушев Iабдурахьима. – Сесси тIекхачале хьалха оха 21-чу майхь дуьйна дIахьош ду зачеташ дIаяларан кIира. Иза 31-чу майхь дерзор ду оха. ХIинцале а билгалдаьлла тхан студенташ шайна хьалха лаьттачу зерех чекхбовла кийча хилар. Дукхах болчу студенташа шайгара дика хаарш гойту.

ХIокху шарахь хIинца шолгIа арахоьцур бу шариIатан Iилманийн факультетан студенташ. «Исламан бакъо» кафедрин хьехархоша а, говзанчаша  а хIинцале кечйина дешна бовлучаьрга дипломан белхаш язбайтарна лерина тематика. ШариIатан Iилманийн факультетан студенташа цкъа хьалха пачхьалкхан экзаменаш дIалур ю. Уьш кхиамца дIаеллачул тIаьхьа, июнь бутт чекхболуш, дIадолор ду дипломан белхаш чIагIбар. Иза дерриге а хьесапе а эцна, тахана Iаьвшшина кечамаш беш, шаьш хьалха Iамийнарг карладоккхуш, Iамоза дисинарг Iамош бу студенташ. Царна оьшучунна тIехь гIодеш бу хьехархой. Дала аьтто бойла церан!

Вайн халкъана чIогIа оьшуш бу кху чолхечу заманахь бусалба дин, шариIат, тIарикъат, суфизм кIорггера евзаш болу Iеламнах. Уьш кечбеш болу беркате кхерч бу Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет. Цундела университетан куьйгалло, Iеламнаха шайн ницкъ кхочург до къоначарна  мелла а алсам  Iилма  Iаморехь, уьш гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк, къинхетам болуш кхетош-кхиорехь.

 

С.ХАМЗАТОВ

№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: