Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха кхеташо дIаяьхьира медицинин а, регионан некъашкахь кхерамазалла хилийтаран а хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре деш.

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Хас-Мохьмада, Правительствон Председателан заместительша Усмаев Вахитас, Висмурадов Абузайда, республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан Секретара Ясаев Iаламбека, хьаштахойн бакъонаш ларъяран а, стеган аьтто баран а декъехь терго латторан Федеральни службин Нохчийчохь йолчу урхаллин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Кадыров Виситас, РОВД-н хьаькамаша, Нохчийчоьнан нуьцкъалчу структурийн векалша.
Кадыров Рамзана дийцарехь, эпидемиологин хьал юьззинчу тергонехь ду.
«Коронавирусан уьнна дуьхьал къийсам дIабахьарна кечйина вай вешан могашаллаIалашъяран система. Дерриге а дина медицинин учрежденешна оьшуш мел долчуьнца кхачоярехь. Препараташна тIера уггаре а керлачу гIирсашна, ша-шен ларваран гIирсашна тIекхаччалц дерг дерриге а долуш ду. Цо таро ло вайна хьал юьззинчу тергонехь латто», – элира цо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира республикерчу долахь йолчу клиникийн болх тобар лоьхуш хилар.
«Тхоьгахь болчу хаамашца республикехь болх беш 270 долахь медицинин клиника ю. Амма, халахеташ делахь а, меттигаш нисъелла нийса диагноз ца хIоттош а, нийса дарба ца деш а. Цо тIедалийна дархойн могашаллин хьал кхин а галдаккхарна. Цул сов, Iорадаьккхина, оьшуш болу талламаш а, анализаш а ца еш, коронавирусан ун цахиларан хьокъехь справкаш елла хилар а. Ткъа цхьайолчу доларчу клиникашкахь дукха лакхара мехаш доху лабораторни талламаш барна я COVID–19 цамгар йолчаьрга хьажарна. Иза до пачхьалкхан медицинин учрежденешкахь и дерриге а хьашташ маьхза кхочушдечу хенахь. Вайн коьрта декхар ду республикерчу бахархойн могашаллин хьокъехь гIайгIабар, вай и декхар дуьззина кхочуш а дийр ду», – чIагIдира Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо къоначу тIаьхьене кхайкхам бира къанойн, баккхийчеран хьокъехь гIайгIабар, церан хьашташка хьовсар, цаьрга хьовсучу хенахь, цIанонан бакъонаш ларъяр доьхуш, хIунда аьлча, уьш экаме бу, царна атта хьакхало коронавирусан ун. Цундела, ницкъ ма-кхоччу, уьш ларбан хьовса деза.
Кхеташонехь Кадыров Рамзана дийцаре дан юкъадаьккхира некъан боламан кхерамазаллин хьокъехь долу гIуллакх а.
«Некъан боламан кхерамазалла лакхаяккхарна а, некъан боламан бакъонаш ларъярна тIехь латтош йолу терго чIагIъярна а тIехьовсийна гIуллакхаш дIадахьа деза. Иштта, некъан боламан дакъалацархошкахь водителийн бакъонаш а, транспортан гIирсаш лелорна оьшу кхидолу документаш а дуй хьовсуш талламаш бан беза», – элира Кадыров Рамзана.
Цо, иштта, билгалдаьккхира некъан боламан бакъонаш массара а ларъян езаш хилар, гIуллакхехь хиларан тоьшалло я номерийн сереша Нохчийчоьнан некъашкахь шена луъург лело яллане а бакъо луш цахилар.
Кадыров Рамзана леррина тидам тIебахийтира некъан боламан дакъалацархой Iаьнан муьрана кечбаран гIуллакхна.
«Хууш ма-хиллара, оцу муьрехь алсамдолу некъашкахь бохамаш хилар. Иза доьзна ду некъашна шахьохуш хиларца, гIорор бахьанехь, некъаш шера хиларца. Водительш болаза хуьлу Iаьнан муьрехь дIасалеларх, цара хийцаза хуьлу чкъургаш, аьхкенан чкъургийн метта Iаьнан чкъургаш машенашна тIе а йохкуш. Цундела некъан боламехь кхерамазалла хилийтарна тIехь терго латтор чIагIдан деза машенаш дукха дIасалелачу а, машенаш чехка хоьхкучу а меттигашкахь. Лаккхарчу жоьпаллица тIедаха деза оцу гIуллакхна», – бохура цо.
Кадыров Рамзана цуьнца цхьаьна билгалдаьккхира бахархошна юкъахь дIахьош болу кхеторан болх жигарбаккха безаш хилар.
«Вайн кегийрхой – республикин а, халкъан а хиндерг ду. Цундела къонанаш ларбан беза «интернет-хьехамчийн» вочу тIеIаткъамах, ткъа иштта, кхетам галбоккхучу, геннахь волчу стеган лаамна кIел воьдучу ловзарех. Цара бохамечу, лазамечу тIаьхьенашка кхачадо. Къона тIаьхье пайдехьчу гIуллакхашна юкъаозо еза, тайптайпана конкурсаш, спортивни гIуллакхаш дIахьош. Кегийрхошца къамелаш дар алсамдаккха деза», – элира цо кхеташонан чаккхенехь.
Д.АНАДЕВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де