Маьждигашца къагош ю Нохчийчоь

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь Грозненски кIоштарчу Пролетарски юьртахь хилира.

Уггаре а хьалха иза хьажа вахара хIинцца дина даьллачу керлачу маьждиге. Иза схьаделла кечдеш ду. ТIаьххьара куьг тухуш бара цунна оцу дийнахь говзанчаш, пхьераш.

И маьждиг шен чоьтах дайтина Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо.

Оцу фондан куьйгалло иштта сацам тIеийцира кхузахь рузбанан маьждиг цахилар хиъча. Маьждигехь 560 стаге жамIатехь ламаз далур ду. Шайна керла маьждиг дарх баккхийбина а ца бовлу юьртара бахархой.

Иштта, Республикин Куьйгалхо хилира Соьлжа-ГIалахь Мухьаммад Iалин цIарахчу урамехь деш долчу маьждигехь.

Дина даьлча, 4 400 стаге жамIатехь ламазаш далур долуш, доккха хир ду маьждиг.

Тоьллачу архитекторша хIоттийначу башхачу проектаца деш ду хIара.

ГIишло горга хир ю. Цуьнан пхи момсар хир ю. ХIора момсаран шен-шен цIе хир ю: Хьасайн, Юсуп, Рамзан, Олхазар, Абубакар.

«Нохчийн халкъан бакъболу кIентий бара уьш, дика къонахий бара. Сан дена Ахьмад-Хьаьжина 1998-чу шарахь кIело йича кхелхина и майра бIаьхой. Маьждиг дайтарна тIехь верасалла деш, терго латтош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Эдильгириев Амрудди. Цуьнан балха тIехь кхиамаш хуьлийла сайна лууш хилар дIахаийтира ас», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

Цу тайппанчу маьждигаша къагош ю вайн Нана-Нохчийчоь.

Д.ХУСЕЙНОВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: