Мобильни телефонаш цӀанъяр доьху Роспотребнадзоро

Телефон, ахча а санна, адамо уггаре а дукха лелочу а, бактереш дӀасалучу а гӀирсех цхьаъ ю. Вайн заманахь, коронавирусан ун даьржинчу муьрехь, къаьсттина мехала ду телефон сих-сиха цӀанъяр.

Телефон уллера дIацаяккхарал сов, иза бете хьош Ӏедал а ду дукхахболчийн.

Роспотребнадзоро дечу хьехарца, мобильни телефонаш, планшеташ хӀора дийнахь дезинфекци еш хила езаш ю. Иштта, куьйгаш дила дезар а хаддаза дуьйцуш ду вайна.

«Юкъараллин траспорта чохь, ламаз оьцучу меттигашкахь хиллачо дукха лерина дуьлийла шен куьйгаш. Шеца антисептикаш лелош хилча дика ду. Куьйгаш дила аьтто боцуш меттиг нисъелча, гель, спрей, салфеткаш дика хир ю», – билгалдоккху оцу ведомствос.

З.ЯХЪЯЕВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: