26 юкъараллин майда куьце ялор ю тIедогIучу шарахь

Республикехь, «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман проект кхочуш а еш, 2021-чу шарахь куьце ялор ю 26 ков-керт.

Оцу хьокъехь хаам бина хIокху деношкахь Нохчийчоьнан гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас.

«Къоман проект кхочушъяр бахьанехь хIора шарахь республикерчу ярташкара а, гIаланашкара а иттаннаш ков-керташ хазлой, толой, хазачу суьрте йоьрзий дIахIуьтту. ТIедогIучу шарахь царна тIекхетар ю кхин а 26 ков-керт. Оцу декъехь дукхах болу белхаш дIахьур бу Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштахь. Ков-керташ, майданаш, урамаш аьхна, ерриге бегIийлаш йолуш хилийтаран программе къаьсттина доккха хьашт ду вайн регионехь. Бахархоша оцу декъехь шайна бегIийла хетарг довзуьйту, тидам латтабо беш болчу белхашна тIехь. Наггахь шаьш а гIолоцу меттигаш куьце ялоран белхеш дIабахьарехь. Бахархоша, къобалдо садаIа меттигаш алсамъяхар», – билгалдаьккхира министран заместитела.

Цо дийцарехь, бахархоша жигара дакъа а лоцуш, билгалъяьхна 2021-чу шарахь куьце ялон йолу цIеношна гонахара майданаш а, ков-керташ а.

Хьаххийначуьра аьлча, хIокху шарахь куьце ялийна юкъараллин 43 майда, 48 цIийнан ков-керт.

Цу тайппана гIуллакхаш дIадаьхьна Нохчийчоьнан 17 кIоштахь: тодина гIашлойн некъаш, соьналла кхиийна, ловзаран майданаш йина, серлонан бIогIамаш дIахIиттийна, паркашкахь а, скверашкахь а, дукхапетарш йолчу цIеношна хьалха а гIанташ хIиттийна.

Хь.САИДОВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: