– Вайн республикин массо а юьртахь, гIалахь марсабаьккхина дIахьош бу кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран болх. Вайн кегийрхой зуламхошка Iеха ца байта, Дала хьарам динчу массо а хIуманах ларбалийта, царна хьехарш деш къахьоьгуш бу Iедалан белхахой а, Iеламнах а, юкъараллин жигархой а. Вуочу хIуманна марзвелларг, мехкан мостагIех Iехавелларг цу харц некъах кхетош, юхатухуш, цакхетарг, шена хьакъ йоллу хан тухий, чу вуллуш я арахь яккха хан тухуш белхаш бо бакъонаш ларъяран органийн белхахоша. Доцца аьлча, зуламашна дуьхьал къийсам луьра дIахьош бу вайн махкахь.
Цу тайппана, малдина дуьтуш дац и гIуллакх ФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин Шелан кIоштарчу отделан белхахоша а. Цу хьокъехь дерг кху деношкахь тхуна довзийтира оцу отделан хьаькама, чоьхьарчу гIуллакхийн майора Гайрбеков Адама.
Цо дийцарехь, хIара шо доладелчахьана суьдо арахь яккха хан тоьхнарг 138 стаг ву. Тайп-тайпана зуламаш дина бу уьш: 2 стаг адам дийна ву. 4 стаг – нахана кхерамаш тийсина, 24 – къоланаш дина, 12 – нах Iехорца ямартло йина, 47 стаг – корта бахон молханаш, “спайс» кIомал, наркотикаш лелийна, и.дI.кх.
«Полицин хьесапехь болчарна а, арахь яккха хан тоьхначарна а тIехь хIун терго латтайо аш», – аьлла хаьттича, иштта дийцира Гайрбеков Адама: «Законехь тхаьш латто хьакъ йоллу терго хаддаза латтош ю царна тIехь. Шайгара дийлинчу зуламашка хьаьжжина, тIе а богIуш, регистраци йойтуш а бу уьш. ТIе ца вогIуш, дуьхьалваьллачунна, суьде а лой, набахтехь яккха хан а тухуьйту. Бакъду, карарчу хенахь тIе ца богIуш дуьхьалбевлларш бац Шелан кIоштахь.
Арахь яккха хан тоьхначарна белхан меттигаш нисйина оха, кхул тIаьхьа нисйийр йолуш а ю. Цкъачунна 14 стаг ву балха дIахIоттийнарг. Уьш ЖКХ-хь а, Шеларчу АТП-хь а, кхечанхьа а дIанисбина бу. Жим-жима, церан хааршка хьаьжжина, бисинчарна а белхан меттигаш хилийта хьовсур ду, Дала мукъ лахь».
Иштта цо билгалдаьккхира Шелан муниципальни кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас кегийрхошца ийманехь кхетош-кхиоран болх жигара дIабахьарна доккха гIо-накъосталла деш хилар а.
И.МАТАГОВ
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо