Грозненски кIоштарчу Пролетарски юьртахь долчу дукхахIусамаш йолчу ширачу цIеношкахь Iаш болчу 32 доьзална керла, ерриге а бегIийлаш йолу хIусамаш лур ю. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Пролетарски юьрта ваханчу хенахь сан тидам тIебахара белхамечу хьолехь долчу дукхахIусамийн цIеношна. Оцу цIенош чохь 32 хIусам-петар ю. ЦIа тишделла, ширделла, доха гергадахана ду. Иза федеральни программина юкъадахийтарна оьшу тептарш кечдеш болх бу беш. Россин Федерацин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а керлачу министраца Файзуллин Ирекца телефонехула хиллачу къамелехь ас цуьнга дийхира и гIуллакх сихдар. Цо дош делира сан гIолаца. Цо и дарна со цунна чIогIа реза а ву, ас даггара баркалла а аьлла Ирек Энваровична. Оцу цIеношкахь Iаш болу доьзалш керлачу, ерриге а бегIийлаш йолчу долахьчу цIеношка дIакхалхор бу», – яздина регионан Куьйгалхочо.
Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо оцу цIеношкахь Iаш болчу 32 доьзална ахчанца (хIора доьзална – 100 эзар сом) гIо дина.
Цул сов, буобераш кхиочу 29 доьзална хIоранна 50 эзар сом ахча делла.
Кадыров Рамзана оццу дийнахь хьокъала боллучу куьйгалхошна тIедиллира цIенош дарна кечамбаран болх дIаболор а, цIенош дарна билгалъяьккхина меттиг цIанъеш белхи дIабахьар а.
Делахь-хIета, ширделлачу цIеношкарчу бахархойн деха сатийса дезар дац керлачу хIусамашка. Уьш тахана а баккхийбеш бу оцу гIуллакхах.
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де