ГаланчӀожан кӀошт меттахӀоттош ю

ГаланчӀожан кӀошт билггал меттахӀоттийнарг 2024-гӀа шо лара мегар ду. Иза билгалдолу «2019–2024-чуй шерашкахь ГаланчӀожан кӀоштан историн латтанаш социальни а, экономикин а декъехула кхиорна леринчу белхан план тӀеэцаран хьокъехь» болчу Нохчийн Республикин Правительствон сацамехь.

Карарчу шарахь, баккхий хийцамаш а беш, карла а боккхуш, тобина и сацам.

Цуьнца нийса а догӀуш, билггал хууш ду меттахӀоттош йолу кӀошт 7 юьртах лаьтташ хирг хилар: ГаланчIож, Ялхара, Аьккхичу, Хьайбах, ЧIармаха, ЦIеча-Аьхк, Мержа.

Лакхахь хьахийначу яртийн планаш хӀитторан а, церан (яртийн) дозанаш къасторан а, кӀоштан картосхема кечъяран а белхаш тӀедогӀучу шеран чаккхенехь дӀаберзийна хила безаш бу.

КӀошта ток йигаран а, цуьнца кхачояран а белхаш а дӀаберзо къастийнарг 2022-чу шеран чаккхе ю, ткъа газаца кхачоярна – 2024-гӀа шо.

Ярташка мобилан зӀе а, оптикин технологешца йогӀуш йолу интернет а йигаран белхаш 2021-чу шеран чаккхенехь дӀаболор бу.

Иштта, оццу (2021-чу) шеран чаккхенехь, кӀоштахь хьалхара спортан майданаш а кечъян лерина, ткъа хьалхара школа а, ФАП а, кхин 2 шо даьлча схьайоьллур ю – 2023-чу шеран чаккхенехь.

Туризман а, транспортан а маршруташ а, социйлаш а, некъан инфраструктура а кечъяран белхаш дӀаберзор бу 2021-чу шеран чаккхенехь.

«Буммат – ЦӀеча-Аьхк» некъ (6–29 км) тӀедогӀучу шарахь чекхбоккхур бу, ткъа «Роьшни-Чу – ГаланчӀож» (11–6 км) – 2024- гӀа шо чекхдалале.

Цул сов, 2021–2024-чуй шерашкахь чекхдохур ду кхин а цхьамогӀа некъаш: «ЦӀеча-Аьхк – Ялхорой» (0–28 км), «ГаланчӀож – Аьккхичу» (0–15 км), «Гихта – Роьшни-Чу – ГаланчӀож» некъа тӀера Нашхана тӀевоьдийла (0–23 км), «Гихта – Роьшни-Чу – ГаланчӀож» некъа тӀера Ялхарна тӀевоьдийла (0–10 км).

И.ИСЛАМОВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: