«Вала хелха нохчийн кIант, вала, ойъуш мехкан сий!..»

mansur_musaev

Нохчийчохь, Россехь вевзина ца Iаш, дерриге дуьненахь гIараваьлла  вевзаш ву вайн махкахо къона хелхарча Мусаев Мансур. Шен хене хьаьжча, баккхий кхиамаш баьхна цо шен кхоллараллин новкъахь.  Мансур дуьххьара сцени тIе ваьлла 1996-чу шарахь  Соьлжа-ГIалин №38 йолчу школехь Хьехархочун денна лерина хиллачу концертехь. Иза яра кIентан кхоллараллин халачу некъан юьхь. Кхо шо бен дацара цуьнан хIетахь. Дуьххьарлера толам баьккхина Мансура 1997-чу шарахь Республикин берийн а, кегийрхойн а кхоллараллин «СтелаIад» фестивалехь. Хелхарчин дуьххьарлера йоккха сцена – Москван цIерпоштнекъахойн культурин Дворец.

Цига кIант вигинера берийн Морозовски больницин неврологин отделенин заведующис И.Осиповас. Нохчийчохь тIом болчу хенахь лазийначу бIаьргана операци ян кечвеш вара кIант оцу больницехь. ХIетахь хьовсархошна боккха битам хилира жимачу кIанте. Цуьнан похIма юх-юха ган луурш дуккха а бара. Иштта, НТВ канале кхечира жима Мансур «Сегоднячко» олучу передаче. Цига Цига кхачар бахьана долуш вевзира цунна сийлахь хелхарча Эсамбаев Махьмуд. Мансурах жимчохь дуьйна лулахоша, бевзачара «шолгIа Махьмуд» олура. Махьмудан шен лаамца, 1999-чу шарахь М.Эсамбаевн 75 шо кхачарна лерина суьйре схьаелларан сий кхачийра Мансуре. ХIетахь газеташкахь яздора «бIешераш вовшахкхетачу хенахь, юкъахь 70 шо хан йолу ши хелхарча, ши махкахо цхьаьнакхетта» бохуш.

150 сов совгIат а, сийлахь цIе а яьккхина Мусаев Мансура. Царна юкъахь ю: «Нохчийн Республикин хьакъволу артист», Россин Президентан пачхьалкхансовгIатан лауреат, «Дуьненан гражданин» («Дуьненан паспорт» делла Швейцарехь), «Искусствон къоман турпалхо» (Итали), «Дуьненан гоьболу седа» (Япони), «Хелхаршкахула дуьненан вуьззина чемпион» (США. Шийттаза яьккхина и цIе), «Тоьллачарех тоьлларг» (Кипр, Мальта, ЮАР), «Голливудан Седа» (США, Лос-Анджелес. Кхузза яьккхина и цIе), «Машаран къона векал» (Латви, Германи, Австри, Чехи, кхидолу мехкаш), искусствийн «ESOLE SUPER BALLET CONTEMPORAIN» цIе йолчу лакхарчу школин диплом (Канада),  «STAR of MALTA»  цIе йолчу берийн а, кегийрхойн а кхоллараллин дуьненаюкъарчу конкурсан хьалхарчу даржан лауреатан цIе а, Гран-при а.

«Культурин а, искусствон  а декъехь Россин Федерацин Президентан пачхьалкхан совгIатан лауретан» цIе. 2012-чу шеран 13-чу июнехь Iамаркехь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь шозза хелхаршкахула дуьненан вуьззина чемпион,  кхо дашо мидал яьккхина, 2012-чу шеран 12-чу ноябрехь Н.Рерихан цIарахчу дуьненаюкъарчу совгIатан лауреат хилла.

Доцца аьлча, Мусаев Мансура искусствон лаккхара Гран-при совгIат даьккхина ткъе шозза, хелхарехула а, музыкин гIирсаш тIехь йолчу говзаллехула а дуьненан Гранд-чемпион хилла цунах, 21-зза Россин а, дуьненаюкъарчу а конкурсийн лауреат хилла, 30 дашо а, 12 дато а мидалаш яьхна.

(Хелхавуьйлу стаг вац вуьйцург, бакъволу хелхарча ву…). Мансура  шен хIора а хелхарехь гойту, шен корматаллица адамийн дегнашка кхачарца ша бакъволу хелхарча хилар.

Тхоьца хиллачу къамелехь шен дагалецамаш бийцира, тIейогIучу ханна йолу шен Iалашонаш а йовзийтира цо.

– Мансур, дуьххьара хелхавала лаам муха кхоллабелира хьан?

– Дерриге со дукха жима волчу хенахь доладелира. Муьлхха а бер санна, хелхаволуш, кхийсалуш самукъадолуш вара со. Хелхадуьйлучу адамашка хьоьжуш цхьа тамашийна синхаам хуьлура. Сан дуьххьарлера хьехархо «Вайнах» ансамбль лору ас. Со хелхавала кхо шо долчу хенахь волавелла. Дуьххьарлера толам баьккхина 4 шо долчу хенахь, республикин «СтелаIад» цIе йолчу конкурсехь. Цигахь суна ловзош йолу кIеда «Микки Маус» елира, иза сол а йоккха яра. Иштта, конверта юкъахь 200 сом а делира суна. Иза сан дуьххьарлера совгIат дара.

Хьайн совгІаташлахь уггаре а деза, мехала муьлха совгIаташ хета хьуна?

– Суна дерриге а ду уьш мехала. ХIора а совгIат шен-шен агІор деза ду. Уггаре а мехалчарех цхьаъ ду шо хьалха Д.Медведевс схьаделла пачхьалкхан лаккхарчу даржан совгIат.

Хьох «Дуьненан гражданин» муха хилира?

– Оцу совгIатан маьIнех нийса ца кхета цхьаберш. Сан дукхахболчу накъосташа, нийсархоша хоьтту соьга: «Бакъ дуй, хьан, виза а йоцуш, дуьненан муьлхха маьIIе ваха йиш ю ву бохург?». Дуьненан гражданинан паспорт – иза билгалонан совгIат ду. Суна и паспорт делла сан 13 шо долчу хенахь Швейцарехь.

– Хелхарал сов, кхин цхьа говзалла караерзо Іалашо юй хьан?

– Хелхавийларал сов, со доьшуш ву. Карарчу хенахь Лос-Анджелесехь деша хIотта кечам беш ву со, «дуьненаюкъара юкъаметтигаш» говзаллехула. Со цхьана хIуманах кхетта – дешаро адаман дахар кхуллу. Дахарехь ницкъ мел кхоччу, Iилма Iамо деза. Цхьана хенахь Канадехь доьшуш, Iаш вара со. Хелхаран паччахьан академин прима-балеринас Челканова Екатеринас кхайкхина ваханера со цига. Цигахь дуккха а зеделларг гулдира ас, говзалла  лакха а яьккхира.

– Хьан дахаран коьрта маьIна стенца доьзна ду?

– Дахаран коьрта маьIна Далла Iибадат дарехь, Цуьнан нийсачу новкъахь хиларехь ду. Ткъа кхидерг ша дIанислур ду.

– Мансур, хьо къона ву, хьан дахар хIинцца долалуш бен дац ала мегар ду. Хьайн кхоллараллин болх дIакхехьа дагахь вуй хьо кхидIа?

– Дагахь ву, со хIинца сайн репертуар кечъеш ву. Иштта, продюсерийн марказашца цхьаьна болх баран хьокъехь беш барташ бу. Сайн культурин программа а кечйина, иза дуьне мел ду гайта а дагахь ву со. Иштта, деша дагахь а ву со, цкъа хьалха бакалавран курс чекх а яьккхина, цул тIаьхьа кхин а лакхарчу дешарехь (магистрана) доьшур ду. Суна дукхаха дипломат хила лаьа, хьалхе дуьйна и говзалла товра суна муьлххачу а кхечу говзаллел.

– Хьо дуьне мел ду дIасалелаш, дуьненаюкъарчу конкурсашкахь дакъалоцуш а ву. Кхечу къаьмнех болчу кегийрхошца муха юкъаметтигаш кхоллало хьан?

– Вуно дика юкъаметтигаш кхоллало. Масала, цхьа йоI яра суна евзаш, кхечу къомах, кхечу динехь яра иза. Ца гуш хан яьлла, тхо ган а гина, къамел дина, дIасакъаьстина дукха хан ялале бусалба дин тIеийцира цо. Цара суо бахьана долуш, хьажахьа ма оьзда а, дика а нах бу и нохчий» аьлча, иза боккха кхиам хета суна. Нагахь санна ахь цхьана стеган хийцина а ойла  хийцича, цо кхечеран ойла а хуьйцур ю. Кхечу къаьмнех болчу нахана хьалха шен къоман дика амалш гойтуш хила веза аьлла хета суна стол.

– Бусалба дин тIеэцна аьлла, айхьахьажийначу  оцу йоьIах дийцахь мелла а. Цхьанна хилла а, масал хила  тарло-кх цунах.

– Суна и йоI жимчохь дуьйна евзаш ю. Ша дикачу, оьздачу доьзалера яра иза. Иза а, цуьнан мел болу гергарнаш а керистанаш бара. Хьалха Линда яра оцу йоьIан цIе, хIинца Сафиййа ю иза. Газа итт шо хан яьлча.

Санкт-Петербургехь цхьаьнакхийтира тхо. Дуьненах, дахарх, синмехаллех лаьцна къамел деш, динах хьакхаделира тхан къамел, ас хаттар дира цуьнга: «Линда, дахаран коьрта маьIна стенца доьзна ду?», – аьлла. КIезиг ойла а йина, цо элира: «Дахаран маьIна доьзалехь, дешарехь, балхехь ду…». Ас хаьттира: «Ткъа вай Кхоьллинарг?..». – Иза йист ца хуьлуш сецира. – «Дала вай кхоьллина хилча, Цуьнца доьзна ца хуьлу дахаран маьIна? Вай кхолла а кхоьллина, вайна дахар Цо делла хилча, вай Цуьнга кхойкхуш, цунна Iибадат деш хила ца деза?». «Деза», – элира Линдас. Ламаз, доIа дой аьлла хаьттира ас цуьнга. Наггахь килсе йоьду ша элира цо. ТIаккха ас дийцира цунна АллахI-Дела цхьаъ бен ца хиларх, АллахIан да-нана я кIант-йоI цахиларх, дуьне а, латта а Цо кхоьллина хиларх. Ас элира: «Линда, диц ма делахь, хIара дуьне – АллахIа вай зиэр ду хьуна, ткъа даима долу дахар эхартахь хиндерг ду. Iийса (Делера салам хуьлда цунна) – Делан пайхамар ву, кIант вац. Аш Iийса Дела ву олу, ткъа цо Деле доIа, Iибадат деш хилла. ТIаккха иза Дела хилча, цо ша шена Iибадат муха дийр дара? Иза кхийтира ас дийцинчух, ойланашка яьлла дIаяхара. Масех де даьлча, сан телефон тIе хаам кхечира: «Мансур, суна бусалба дин тIеэца лаьа», – аьлла.

– Мансур, хьан ненан хIун ойла ю хьан кхоллараллах дахарах лаьцна?

– Сан нана массо хIуманна реза ю. Иза яцахьара, со суо верг хилла хир вацара. ХIунда аьлча, иза ю сох дуьххьара тешнарг. Тхан юкъаметтигаш ненан кIантаца санна а йоцуш, доттагIчун доттагIчуьнца санна ю, сан коьрта хьехамча ю иза. Шен дахар суна схьаделла, суна метта дерриге дина цо. Ас Далла хастам бо сайн иштта нана хиларна. Мухха делахь, цуьнан тешам байъа йиш яц сан, дерриге дуьтуш, сан дуьхьа къахьегна цо. Дела реза хуьлда цунна!

– Тоьлла доттагIий буй хьан?

– Сан тоьлла доттагIий – уьш сан вежарий бу.

– Царех лаьцна дийцахь цхьажимма.

– Сан пхи ваший, цхьа йиший ду, футболан команда ю-кх (воьлу). Вежарех хІора а шен-шен билгала Іалашо йолуш ву. Масала, Муса ЦСКА-н спортан академе деша хIуттуш ву, спорт, охьатохархлатар дукхадезаш ву иза.Ткъа Алихан дзюдоист хила лууш ву. Адам архитектура а, бизнес а лело дагахь ву.

– Хьан жимахволу ваша  тайп-тайпанчу даздаршкахь го, хаза хелхавуьйлуш. Иза хьайн лорах воьдийла лаьарий хьуна?

– ХIан-хIа, суна ца лаьа тхайн доьзалера кхин цхьаъ цу новкъа волийла. ЧІогІа хала, чолхе некъ бу иза. Хелхарехь похIма делахь а, цо шена кхин говзалла хаьржича бакъахь хета суна.

– Мансур, хьуна Дела реза хуьлда тхоьца къамел дарна, хаттаршна жоьпаш даларна! Дала аьтто бойла хьан!

– Дела реза шуна а хуьлда!

Цхьа а шеко яц Мансур хьекъале а, похIме а кIант хиларх. Шен къоначу хене хьаьжча (20 шо), дукха кхиамаш баьхна цо шен дахарехь. Делахь а, оцу сирлачу кIантехь коьртаниг – цуьнан адамаллин билгалонаш ю: догдикалла, оьздангалла, ийман, яхь, гIиллакх. Цуьнца цкъа къамел дича а хаало и дерриге. Ша муьлххачу дарже кхачарх, гIараваларх, хьолах, дуьненан хIуманех Iеха ца луш, адамашца йолу шен юкъаметтигаш ца хуьйцуш хуьлу цхьаволу стаг. Ишттачарех ву Мансур а.

Къамел дIаяздинарг – А.МУСАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: