Кегийрхойн кхоллараллин агIонаш кхиоран гIуллакх

Х.Нурадиловн цӀарахчу пачхьалкхан Къоман театрехь СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман иэсана лерина «Орфей–2020» дуьненаюкъара фестиваль-конкурс дӀайолийна лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь.

Даздаран хьолехь, иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, ткъа иштта, республикин кхоллараллин а, культурин а, искусствон а интеллигенцин векалша.

«Орфей–2020» фестиваль-конкурс Нохчийн Республикин культурин министерствон методикин а, финансийн а, вовшахтохараллин а гӀоьнца дӀахьош ю Къоман «Культура» проектан регионан «Нохчийн Республикин кхоллараллин нах» проект кхочушъяран гурашкахь.

Конкурсехь дакъалоцуш Россин тайп-тайпанчу регионашкара вокалисташ бу.

ПохӀма долчу кегийрхойн кхоллараллин агӀонаш кхиор а, музыкин искусствехь болу кхиамаш вовшашна бовзийтар а, дуьненахь гӀараваьлла хиллачу СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман кхолларалла карлайоккхуш, цуьнан иллешна тӀе тидам бахийтар а ю фестиваль-конкурсан коьрта Ӏалашонаш.

ШолгӀачу туре бевллачу вокалисташа къовсур ю «Орфей–2020» фестиваль конкурсан Гран-При.

Культурин министра Дааев Хож-Баудис билгалдаькхина: «Орфей–2020» фестиваль-конкурсан дакъалацархойн аьтто хила луур ду суна, иштта, вайн республикерчу хьешашна аьхна хир ю аьлла хета цара кхузахь йоккхур йолу хан а».

Фестиваль-конкурсан жамӀаш газетан тӀейогӀучу номерехь довзуьйтур ду.

З.ХИЗИРОВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: