Экологин диктантехь дакъалецира…

Ерригроссин экологин диктантехь дакъалецира Республикин экологин-биологин туьшо.

Диктантан Iалашо яра экологин хаарш тIедузар, экологин кхерамазаллин а, цIеналлин а бакъенаш юха а цкъа карлаяхар, цахуучарна Iамор.

Оффлайн-майданахь дIахьош хиллачу диктантехь дакъалоцуш республикин экологин-биологин массо а станцин шишша дакъалацархо вара, церан хенаш 12 шарера 17 шаре кхаччалц яра.

Диктант дIайолаялале хьалха Ерригроссин экологин диктантехь Нохчийчоьнан цIарах дакъалоцучаьрга йистхилира Республикин экологин-биологин туьшан директор Темирсултанова Элина: «Экологин проблемаш дийнодийно тIекхетар бен, лахлуш яц. Адамаша шайна гуонахара Iалам ларцадар ду иза. Баккхийчара шаьш а лардан деза, кегийрхошна Iамо а, дийца а деза гуонахара Iалам хIорамма а лардеш ца хилахь, боккха бохам хир бу, бохуш. Иштта, тахана вай хIокху диктантехь дакъалацар а экологин терминаш, бакъенаш, кхерамазалла йовзийтарна тIедоьгIна ду. ХIора шарахь масеххазза дIахьур йолуш ю экологин диктант, дакъалоцуш культурин, Iилманан, медицинин учрежденийн, бакъонашларъяран урхаллийн органийн белхахой а болуш. Вайн Даймехкан экологи ларъяран цхьа дакъа ду иза»

2019-чу шарахь Россехь дуьххьара дIяьхьна экологин диктант. Цу хенахь Россерчу 85 эзар дешархочо дакъалецира оцу диктантехь.

Ткъа хIокху шарахь, шолгIачу диктантехь, 12 шарал лакхара хенаш йолуш берш бара дакъалоцуш.

ДУТУЕВА Макка
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: