Хууш ма-хиллара, республикехь еш дуккха а берийн бошмаш ю. Церан могӀарехь хир ю

Грозненски кӀоштан Побединскехь ян йолийна керла берийн беш а.
Бахархоша дийцарехь, берийн беш оцу юьртахь оьшуш йолу дуккха а хан яра, хӀунда аьлча, хӀинццалц цигахь цхьаъ бен хилла йоцу берийн беш, янне а, тоьаш яцара, денна а шорлуш, кхуьуш йогIучу юьртана.
И бахьана долуш, къоман «Демографи» проект кхочушъяран гурашкахь дӀаболийна оцу юьртахь керла беш яран белхаш.
Уьш дӀаболийна дукха хан а йоццушехь, бух боттаран белхаш чекхбаьхна цигахь. Кестта пенаш а хьаладотта долор ду. 140 берана лерина а йолуш, берийн 7 тоба хир ю цигахь.
Билгалдоккху бераш дийшаран а, кхачанан а, медицинин а блокаш хилла ца Ӏаш, берашна кхиорна а, спорте марздарна а бина аьттонаш а цигахь хирг хилар.
МУСЛИМОВ Абу
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де