Нохчийн Республикин бахархойн медицинин хьашташ кхочушдарехь нислучу проблемашна лерина кхеташо дӀаяьхьира республикин МогашаллаӀалашъяран карарчу хенахь министра Сулейманов Эльхана.

grozniy.bezformata.com сайта тӀера сурт
Циггахь дийцаре дира карарчу хенахь коронавирусца къийсам латторехь долу хьал.
COVID-19 йолу дархой больницашка кхачоран маршрутех а, цамгарна нийса диагностика ярх а, дарба лелорах а, ун мелла а атачу кепехь кхеттачу нахана амбулаторни дарба лелорах а лаьцна дийцира кхеташонехь.
Къаьсстина тидам тIебахийтира медицинин учрежденешкахь молханашца кхачояран гӀуллакх.
2020-чу шарахь COVID-дархошна амбулаторни дарба лело а, молханаш эца а федеральни бюджетера къастийна 55 миллион сом.
Кеташонехь мониторинг йира 2018-2020-чу шерашкахь республикин медицинин учрежденешкахь гӀо даран дикалла а, эвсаралла а талларан Ӏалашонца.
Сулейманов Эльхана дийцарехь, Нохчийн Республикин COVID-туьшашна хуьлу ницкъ совбаларе хьаьжча, медицинин белхахой дика ларош бу шайн декхаршца.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де