Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана хаам бина Веданан кӀоштахь йолчу Къоьзанахь бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран Ӏалашонца ФАП йийр ю аьлла.

inlotoshino.ru сайта тӀера сурт
Оцу метте леррина хьажа ваханера министр.
Керла ечу ФАП-хь луларчу Хой а, Макажа а яртийн бахархойн а, ткъа иштта, туристийн а, Къоьзана Ӏам базин а, медицинин хьашташ кхочушдан йиш хир ю.
Къоьзанахь йина яьлча Макажахь а, Хойхь а йийр ю ФАП-ш.
Билгалдаккха догӀу ФАП-на уллехь фельдшерна лерина цӀа а дийриг хилар.
Нахана а, фельдшерна а аьтто хуьлу агӀо ю министра коьртачу тидаме эцнарг.
Цул сов, Веданан кӀошта веанчуьра, министр хьаьжира санитарни авиацин беркема охьахааран майда кечъярехь дӀахьочу балхе а.
И дерриге а гӀуллакхаш къоман «МогашаллаӀалашъяр» проект кхочушъяран гурашкахь деш ду.
Оцу тайпанчу санитарни авиацина кечйина майда Нохчийчохь дуьххьарлера хир ю.
Цомгашчу нахана сиха гӀо дан дезачохь мехала ю и майда.
З.ЭЛЬДАРОВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де