Макан-Отарахь – керла маьждиг

Теркан кӀоштарчу Макан-Отарахь (Подгорни) юьртахь схьадиллина 50 меттигана лерина долу керла маьждиг.

КӀоштан къедас Хайдарханов Абубакара билгалдаккхарехь, маьждиг юьрта чу вуллучохь дина.

И бахьана долуш, юьртахойн а, иштта, некъахойн а ламаз дан аьтто хир бу керлачу маьждигехь.

Йоццачу хенахь, цу тайпа хаза совгӀат шайна дарна гӀишлошъярхошна даггара баркалла боху меттигерчу бахархоша.

Ламаст а хилла дӀахӀоьттина ма-хиллара, «Делан хӀусам», мовлад а доьшуш, схьайиллира.

МУСЛИМОВ Абу
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: