Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос 2010-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Россин Федерацин Президент Путин Владимир винчу денца доьзна «Путин» цIе йолу патриотийн клуб кхоьллира.
Клуб кхолларан Iалашо яра вайн тIекхуьуш долчу къоначу чкъурана могаш Iер-дахар марздар, цаьрга Нохчийн Республикехь хуьлуш долчу беркатечу цхьаьнакхетаршкахь жигара дакъалацийтар, патриотизм лакхаяккхар, иштта, Нохчийчоьнна пайдехь гIуллакхаш дар.
Кегийрхойн «Путин» клубан гIуллакхашкахь дакъалоцуш схьавогIуш ву патриотийн клубан верас волу Черхигов Идрис а, иштта клубан председатель волу Бадуев Лом-Iела а.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнаш ду: «Вайна кхетаме а, дешна а, сица-дегIаца могаш-маьрша а болу кегийрхой оьшу».
Баккъал а, оцу дешнашна реза ца хила йиш яц, хIунда аьлча, кегийрхойх доьзна ду дукхах долу хIума.
Баккхийчара вайга схьа ма-кховддор, вай а ду беркате, дика хIума вайн тIаьхьене дIакховдо декхарийлахь.
«Путин» патриотийн клубан декъашхоша Нохчийчохь хуьлуш йолчу культурин-массови мероприятешкахь жигара дакъалоцу, цул сов, шаьш а дIахьо дуккха а мероприятеш.
ХIокху теманашна лерина ю уьш: «Кхетош-кхиор», «Могаш Iер-дахар дIакхайкхор», «Некъан-транспортан бохамашна профилактика яр», «Наркоманина а, экстремизмана а профилактика яр», и.дI.кх. а.
Дукха хан йоццуш, «Путин» патриотийн клубо дIаяьхьира «Некъантранспортан бохамашна профилактика яр» аьлла йолу акци. Цуьнан Iалашо яра гIалахь машенашца дIасалелачаьрга некъан боламан бакъенаш ларъяйтар, цаьрга зенах-зуламах шаьш а, нах а ларбайтар.
Иштта тайп-тайпана акцеш дIаяхьар ду аьлла хета бахархой бакъонаш ларъеш схьабогIуш хиларан бахьана. Ишттачу гIуллакхаша дикачу агIор тIеIаткъам бо машенашца дIасалелачарна. Клубо дIахьош долчу беркатечу гIуллакхех цхьаъ дара и.
Цул сов, гIоьналлин акцеш дIахьо клубан декъашхоша. ХIора шарахь хуьлуш долчу даздаршкахь совгIаташ а оьций, заьIапчу нехан догъэца, дог хьаста царна хазахетар дан хьовсу.
ХIокху шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь дIаяьхьира хIара организаци кхоьллина 10 шо кхачарна лерина юбилейн мероприяти.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса, «Путин» кегийрхойн клубан председатель Бадуев Лом-Iела.
Нохчийн Республикехь кегийрхойн политика дIаяхьарехь жигара дакъалацарна клубан декъашхошна Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира цигахь.
ДЖАМБЕКОВ Бувайсар
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де